ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Голикова: Оьрсийчу кхаьчна коронавирус


Дуьххьара Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла ши стаг хаавелла – Забайкальехь а, Тюменан кIоштахь а аьлла, хаамбина вице-премьеро Голикова Татьянас. Монголин Оьрсийчоьнца долчу дозанехь дехьа-сехьа бийлар а доьхкуш, Китайн Ухань гIалара а, Хубэй провинцера а оьрсийн бахархошна эвакуаци еш ю аьлла, тIетоьхна цо. КарабогIучу беттан 4-чу дийне кхачале Хайнань гIайри тIехь мел бисина Оьрсийчоьнан бахархой даймахка берзор бу аьлла.

Коронавирус бахьана долуш еаридийнахь Генарчу Малхбален Китайца лаьтта доза дIакъевлина Оьрсийчоьно Чиллан-беттан 7-чу дийне кхаччалц. Ишта некъаш дихкина Хабаровскан а, Амурскан а, Еврейскан а автономин кIошташкахь а.

Роспотребнадзоро талламаш беш бу аэропорташкахь Китайра схьабаьхкинчу оьрсийн туристех. Оьрсийчохь доьшуш болу Китайра студенташ мукъабитина Заздоккху-батте кхаччалц.

Китайца шайн дозанаш дIакъевлина Моголино а, ГIиргIазойчоьно а, Казахстано а. Еаридийнахь дуьйна севцца Казахстанера лела автобусаш, тIедогIучу шоьтадийнахь дуьйна сацош бу цIерпошт, ткъа Чиллан-беттан 3-чу дийнахь дуьйна гIовттур дац кеманаш а.

Европерчу а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу а яккхийчу авиакомпанеша а совцийна кеманаш дIасалелийтар. Великобританино а, Японис а, ХIиндойчоьно а Китайра шайн бахархошна эвакуаци йина.

Италин министрийн кхеташоно пIераскандийнахь дуьйна чолхечу хьолан раж кхайкхийна шайн пачхьалкхехь эхашарна, Китайхь гучуяьлла коронавирус яржарна кхоьруш, совцийна кеманаш а.

ПIераскан Iуьйранна кхаьчначу хаамашца - керлачу коронавирусо даржийначу унах велла Китайхь 213 стаг. China Global Television Network гIирсо довзийтина и терахьаш. Дарба хилла 171 вахархочунна. Вирус хьакхаелла ву 9 эзар сов стаг. Кхин а 32 эзар вахархочун могушаллех зераш ду деш.

Байначу баттахь дуьххьара, Хубэй провинцин административан центр лоручу Уханерчу дийнаташ духкучу базарахь гучуяьлла и вирус аьлла, шеконаш ю говзанчийн.

Къаьсттина дукха баларш хилла, 60 миллион стаг вехачу оцу провинцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG