ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертаза тоьшаллаш даьхна шегара аьлла Астраханехь лаьцначо


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца воьзна хилла аьлла, тIехь ницкъ а бина, шегара даьхна тоьшаллаш чоьте ма эца аьлла, дIахьедина Къилберчу тIеман кхеле Астраханерчу вахархочо Имангазиев Ильсура. Цо бахарехь, кхаьънаш эцарна бехкевина ву аьллачу, полисхочуьнца цхьна латтийна иза СИЗО-хь. Талламчаша бохург де, цхьанхьа а латкъам ма бе, "цхьа а тешар вац" бохуш, хIара Iехо гIиртина ницкъахо.

"Со кагвинера, сийсазвинера тIехь Iазапаш а латтийна. Со Iадийнера, пачхьалкхан хьукматехь – гIали юккъерчу СИЗО-чу а лилхина, туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха еттарна", - аьлла бехкевечо.

Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а, Оьрсийчоьнан президенте а, омбудсмене а ша кехаташ яздира, амма тергал ца вина ша аьлла, дийцина Имангазиевс, дуьйцучу зуламан ша бехке вац аьлла, дIа а хьедеш.

Йоьдучу кхеле ца битина кIентан гергарнаш, видеохула тесначу зIенехь хеттарш дина цуьнан дега а, нене а.

"Сайн кIантах лаьцна ала цхьа а вониг дац сан. ВорхI беран да ву иза. Суна дика гIоьнча а вара иза. Лулахошца дика юкъаметтигаш яра цуьнан. Молуш а, узуш а вац. Маьждиге лела, цунна цхьаммо а цкъа а дина арз а дац", - аьлла нанас Имангазиева Жаната.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG