ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанаш: зуламаш дина Шемара жихIадхо лаьцна Францехь


Franceinfo хьостан хаамца, Марселехь лаьцна Аллуш Ислам Париже дIавигина, гIуллакх кхи дIа таллархьама. Исламхойн Джейш аль-Ислам (Армия Ислама) тобан хилла, 1988-чу шарера пресс-секретарь, хетарехь, Франци веана хилла университетан Erasmus программан гурашкахь.

Шеконаш ю, 2013-2016-чу а шерашкахь Шемахь цо тIеман зуламаш лелийна аьлла. Дуьйцург ду, 2011-чу шарахь Политковская Аннин цIарах совгIат дина адвокат Зайтунех Разан а, цуьнан хIусамда а, белхан ши накъост а лачкъийна дIабигина, байар.

Адамийн бакъонашларъяран организацеша шаьш кийча ду аьлла, и гIуллакх толлуш гIо дан. Ишта цара тIечIагIдина, Марселехь лаьцна студент Джейш аль-Ислам тобан куьйгалхойн гонашкара ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG