ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн боксерна гIо деш лацийтина хила мега чемпион Кушиташвили, боху цхьаболчу тренерша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Росгвардин эскархочун тохарна лаьцна боксер Кушиташвили Георгий цуьнгара цхьаъ даьккхина леррина бехке вийр волчу хьоле хIоттийна хилла аьлла хета цхьаболчу тренершна а, цуьнан накъосташна а. Церан хьесапехь, иза дина хила мега "Ахмат" спортан клубан декъашхочун, нохчийн боксерна Хатаев Имаман конкурент дIаваккха а, Оьрсийчоьнан Олимпан тобанехь цунна меттиг яккха, хаам бо "Эхо Москвы" радиостанцино.

Официалан версица, Кушиташвили а, цуьнца цхьана хилла кхин цхьа боксер Оганнисян Овик а лецира Москвахь Фрунзен хийистера урамехь Росгвардин белхахоша. Кехаташ толлуш Кушиташвилис, мара а кагбеш, буй тоьхна цхьана эскархочунна. Цул тIаьхьа ши а спортхо дIавигнера полицин декъе. Цигахь, тIехьожуш тешхӀиттийнарш а болуш, Оьрсийчоьнан чемпионехь карийна ах грамм кокаин.

Кушиташвилина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Iедалан векална ницкъ барна. Оганнисян цу гIуллакхна юкъахь ву теш санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG