ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бомбанаш етта тхуна, Нана"


Материалан автор ю Гафурова Марият - "Кавказ.Реалии"

Шемара а, Иракъера а шайн зударий а, бераш а цIадерзадар доьху Дагестанан Iедалхошка бахархоша

Регионан Iедалан а, адамийн бакъонаш Iалашъян хьалхатеттинчу векалшца а цхьанакхетар хилира байначу беттан 27-чохь, Шемарчу тIаме бахначийн зударийн а, берийн а гергарчеран.

Иракъан а, Шеман а набахтешкара шайн зударий а, бераш а цIадалош гIо деха тIебаьхкинера бахархой. 2017-чу шарахь дуьйна оцу Iалашонца кхоьллинчу леринчу комиссино гIо дийр ду шуна аьлла, жоп делла хьаькамаша.

"Шайн кхиазхой цIаберзор доьхуш, бахархоша динчу дIахьедарийн электронан кепехь Дагестанехь вовшахтоьхна тептар ду 810 кхиазхочух лаьтташ. Шемара а, Иракъера а республике цIадерзийна дерриг а 91 бер. Царех 76 бер республикехь ду, Оьрсийчоьнан кхечу регионашка дIакхачийна 15. Ткъа 2 бер Азербайджане а, Туркойчу а дIадигийтина", - аьлла бу Дагестанан Iедалхойн сайтехь бина хаам.

Байначу баттахь хьаькамашка дехар динчех яра Кизил-Юьртара ПатIимат. Дагестанехь дIаяьхьначу леринчу операцехь шен цIийнда вийначул тIаьхьа дIаяхначу Алинин нана ю иза.

Дечкен-беттан юккъерчу деношкахь меттигера полисхо кхечира цаьрга, кхаъ бохьуш: Иракъерчу набахтехь хилла цуьнан йоьIан бераш далош кема ду Дечкен-беттан 20-чохь схьакхочур долуш аьлла. Амма кема ца деара. Дагестанхошца хиллачу цхьанакхетарехь хьаькамаша чIагIо йира, мацца деана а кема догIург хиларх. Амма де билгал ца даккхар, "кхерамзаллин Iалашонца" ду аьлла, дIахьедира.

Шаьш Иракъе даха а кийча ду, шайн берийн бераш цIадерзорхьама аьлла, дIахьедина цхьаболчара. Шу цига дахарх гIуллакх хир дац, дуьненаюкъара дийцарш а деш, бух кечбан безаш бу аьлла, жоп делла царна Iедалан векалша.

2017-чу шарахь Чиллан-беттан 11-чохь тIаьххьара Мосулера зIене яьлла Алина шен ненаца.

"Нана, бомбанаш етта тхуна тIе. ИншаллахI, бакъ дуьненахь гур ду вай элира цо. Цул тIаьхьа сан йоIера кост хилла дац суна", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" ПатIимата.

Шен кхо бер (кIант а, ши йоI) эцна, 2014-чу шарахь Шема дIаяхара Алина. Ша веллачул тIаьхьа берашца цхьана "халифате" дехьаяла аьллачу, цIийнден весет кхочушдархьама новкъаелира иза. Жимахйолчу йоьIан хIетахь 8 бутт бара. Ша дукха дехарш дира шен йоIе, ма гIахьара хьо бохуш, дагалоьцу нанас. Цуьнан паспорт а, я карахь ахча а цахиларна, ца йоьдуш йиса там бу аьлла хетара шена боху нанас. Ненаца къамел хилла ши де даьллачул тIаьхьа Алина дIаяхара, деца а, ненаца а Iодика а ца еш. Иза новкъайоккхуш, цунна гIо деш цхьаъ хилла аьлла, шеконаш ю ненан.

"Суна хаа тарлора, хьан гIо деш новкъа яьла иза, нагахь санна, сан лулахочо шен видеокамеро дIаяздинарг гайтинехь. ФСБ-хь болх беш ву иза. Камера болх беш яц аьлла, дуьхьало йира цара", - дагалоьцу ПатIимата.

Дечкен-беттан 27-чохь Дагестанан вице-премьерашца Джафаров Рамазанца а, Карибов Анатолийца а цхьанакхета дIаязбеллачарлахь яцара Махачкалара яхархо Гулишат.

34 шарахь дарбан цIийнехь къа а хьегна, дукха хан йоццуш республикан куьйгалхочо Васильев Владимира могушалла Iалашъяран хьакъйолу белхахо аьлла, совгIат дина медйиша ю иза.

Ницкъаллийн структураша "террорхочун нана" бен ца олу цунах. Масийттазза цуьнан хIусамех хьоьвсира полисхой.

"Суна хатта лаьара, паспорташ дохучийн балхана тIехь терго стенна ца латтайо цара? Кхаа дийнахь даьккхина, схьаделлера сан несана паспорт. Ткъа официалехь бутт хан оьшу иза даккха", - боху Гулишата, "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь.

2014-чу шеран гурахь дIавахана цуьнан кIант Шема. Ши бутт ма белли цунна тIаьххье дIаяхара кхуьнан нус ши бер а эцна. Цигахь кхин а ши доьзалхо хилла церан.ТIаьххьара цаьрца зIе хилла ненан уьш БагIузехь болчу заманчохь.

2019-чу шарахь Дечкен-беттан 20-чохь шен кIанта телефон туьйхира шега боху, ша къинтIера йоккхуш. Цул тIаьхьа хезна вац Гулишатна шен кIант. Аль-Хойрчу куьпахь ю цуьнан нус шен деа бераца.

Зуда саготта ю, уьш латточу чоьнашкахь санитаран-эпидемиологин хьелаш лардеш цахиларна а, шен несан а, кIентан берийн а бала хьега дезаш хиларна.

Цо бахарехь, аренашкахь кIен буьртигаш а лехьош, бецаш а юуш, хене бовлуш хиллера уьш.

Гулишата дуьйцу, шаьш Шема дIадахана ах шо даьллачул тIаьхьа, кхетта хиллера уьш, шайгара яьллачу ледарлонех. Цигара бовда а гIоьртира уьш, боху цо, амма новкъарло йина хиллера царна, карара документаш дага а дина.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG