ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iенош ду Европерчу нохчийн цIий


Билалов МаIаз

«Къена Мансур» («Мансур Старый») веро кхин цкъа а гойту нохчашна арахьа елла политикан тховкIело чорда юйла

Францин къилбаседанерчу Лилль гIаларчу цхьана отелехь байначу беттан 31-чу дийнахь вийна карийна нохчо Алиев Iимран – «Мансур Старый» цIарца вевзаш хилла Белгера политикан мухIажир.

Цуьнан зудчо тоьшалла дина вийнарг иза хилар. Таллам бу дIабоьдуш.

Алиевн накъосташа дийцарехь, хьалха дуьйна а цунна вевзаш волу Нохчийчуьра хьаша воьссина хилла цунна тIе. И шиъ цхьаьна Белгера Франце вахана «гIуллакхаш листа», де даьлча юхадогIу шаьш аьлла.

ХьешацIа тергалдечу персонална, чоьнаш цIанъеш карийна нохчочун дакъа. ДегIа тIехь гина дуккха а чевнаш, улле охьадиллина карийна урс.

Талламчашна хетарехь, Алиев ша вийначул тIаьхьа Шенгенан зона дIатесна зуламхочо – хIинца иза Нохчийчу юхакхаьчна хила а тарло. Кхоччуш кхеташ дац стенна вийна «Мансур Старый».

Кеп-кепара гора Алиев Iимранан мах нахана. Дукха бара цо интернетехула дечу ирачу къамелаша цунна гонахбаьхна мостагIий. Тайп-тайпанара хуьлура цо ийен теманаш. Магадора шена силадолу къам я къаьмнаш сийсаздан, цатовш волчу стаге маьттаза мотт лебан. Оцу хьоло нехан терго дикка тIе а ерзайора цунна.

«Мансур Старый» веро юха а сингаттам баьккхина Европерчу нохчашна. Хиллачо кхин цкъа а гойту царна, мел ледара ю демократи лелачу мехкаша шайна латтош йолу тховкIело, мел атта ду мостагIашна шаьш хIаллакдан.

Европехь нохчий байа болийра 2009-чу шеран Iай Вена-шахьарна юккъехь 26 шо долу Исраилов Iумар верца. Нохчийчоьнан администраторан Кадыров Рамзанан ханера ведда веана вара иза Австре.

Исраилов шаьш вийна бевлча, машенахь бевддера киллерш. Полици сиха тIаьхьакхиира зуламна, амма ца лацавелира цIий Iанийнарг – лийцира стаг вуьйш цунна гIодинарш. Оьмар кхачаяллалц набахтехь валло кхачийна Кальтенбруннер Отто (Эдилов Рамзан), 19-ий, 16-ий шераш кхайкхийна Дадаев Сулиманна, Ешеркаев Турпал-Iелина.

2017 шеран гурахь Киевехь, Бесарабкерчу базарна уллехь, ша чохь воьду Toyota машен эккхийтарца вийра Гуьржийчоьнан вахархо-нохчо, Донбассехь Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бина Махаури Тимур.

Цул тIаьхьа бутт баьлча бевзаш боцучара герзаш диттина йийра шен цIийндеца, Дудаев ЖовхIаран батальонан буьйранчица Осмаев Адамца машенахь йоьду Украинан бIаьхо Окуева Амина.

Стохка гурахь Берлинан центрехь, Маобит кIоштарчу майданахь, киллеро-профессионало вийра Гуьржийчоьнан вахархо, Ичкерин бIаьхо Хангошвили Зеламха.

Оьрсийчоьнал арахьа бехачу нохчашна зуламаш дан долочу муьрехь, 2004-чу шарахь, Малхбалерчу Къатарехь вийра Ичкерин президентан даржехь Iийна Яндарбиев Зеламха.

Къаьсттина дукха байина нохчий Туркойчохь. 2008-чу шарахь цигахь вийра Эдильсултанов Хьаьжи а, Джанибеков Ислам а. РогIерчу шарахь вийра Асаев Iела. Махаев Берг-Хьаьжа, Альтемиров Рустам, Амриев Зоврбек вуьйжира киллерийн карах 2011-чу шарахь. 2013-чу шеран бIаьста вийра Ичкерин Туркойчуьра консул, цигахь дай баьхна а, ша вина а волу нохчо Унлю Медет. Эдельгириев IабдулвахIид вийра 2015-чу шарахь, Исраилов Руслан – 2016-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG