Социалан машанашкахь хаамаш гучубевлла Дагестанерчу Кизлярехь маситта стаг дарбан цIийне охьавилларх лаьцна, коронавирус кхетта хила мега аьлла шеко йолуш. ДIасадаржийначу сурта тIехь масех стаг а, ши бер а, медицинан белхахо а ву, кхерамазаллин духар а доьхна, юьхь тIехь маска а йолуш.
Дагестанан могашаллин министраллехь харцбина и хаам.
"Уьш могIарера грипп кхетта нах бу, и диагноз йолуш балийна бу уьш дарбанан цIийне", - хаам бина меттигерчу могашаллан министраллан зорбан сервисехь, яздо Кавказ.Реалиино.
Мэрехь бинчу хаамца, дарбанан цIийнан коьртачу лоьро дийцина, цу нахана коронавирус кхетта хила мега аьлла шеко ца хилла шай, китайцашца контакташ цу неха хилла яц, Китайра цига цхьа стаг веана а вац аьлла.