ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат: "ТIекхетта, лаьтта охьайиллира тхойша"


Оьрсийчуьра адвокат Дубровина Марина

Нохчийчохь цхьана зударийн тобано йиттина адвокатна а, журналистна а.

ДIадахначу кIиран еарин буса Соьлжа-ГIалахь цабевзачу наха тIелатар динера адвокатна Дубровина Маринина а, "Новая газетан" журналистна Милашина Еленина а. "Континент" олучу хьешан цIийнехь цхьа жIуга дуьхьалъяьлларе шина зудчунна. Летарш зударий хиллехь а, лазийначу шиммо бахарехь, царех зударий лоьтуьйтуш куьйгалла деш, дехьо лаьтташ божарий хилла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гергара а, цуьнан гонера а нах бехачу "Нохчийчоьнан Рублевка" олучу меттигехь яьккхина ролик YouTube-каналехь яржийначу Нуханов Исламан гIуллакхан хьокъехь еанера Соьлжа-ГIала Дубровина а, Милашина а.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центрца болх беш йолу адвокат Дубровина Марина 2015-чу шарера схьа дуьйна болх беш ю Нохчийчохь. Кхеле хIоттийначу бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан интересаш ларъеш а яра иза, ишта цо болх бина дуккхаъчу кхел йоцуш Нохчийчохь байинчу нехан гIуллакхаш тIехь а.

Дубровинас дийцина "Кавказ.Реалиига" Соьлжа-гIалахь хиллачу инцидентех.

– Марина, хIу хиллера шуьца селхана? Шуьшиъ йогIу йолу хан а хууш, схьахетарехь, шуьшиъ ларъеш хьешан цIийнехь Iаш хилла-кх и нах?!

- Дера хилла, тхоьга хьоьжуш. Хьешан цIийнан лахарчу гIат тIехь кафе ю, цигахь хевшина Iаш хиллера уьш, тхойшиъ лар а еш. Оцу заманчохь тхайн гIо эшначу цхьана зудчуьнца цхьанакхетар хиллера тхан отелан дуьххьал йолчу кафе чохь. Цу чохь чай а молуш, хиъна Iийнера тхойша, цул тIаьхьа некъ хадош дехьа а яьлла, хьешан хIусаме юхаеара. Тхойшинна тIебаьхкина, го лаьцнера оцу зударша. Ишта яр-кх оцу инцидентан юьхь.

- ТIелеттачара баха хIу бохура шуьга?

- ХIара ду ала, бохуш хIума а дацара цара. Суна ца хезир-кх. Ленас (Милашина) яздо, шега цхьаммо-м цхьаъ элира бохуш. (Милашинас бахарехь, вахабисташна тIехIотта еана шуьшиъ аьлла, бехкейинера и шиъ- ред). Суна дуьхьал лаьтта зуда сох лата йолаелира, цундела суна ца хезира, цо дуьйцург. ТIекхетта тхойшиъ лаьтта охьайиллина, етта йолийра цара. Лаьттахь Iуьллучу стагана етта хала ма даций.

Ас мохь хьоькхура, суна тIаьххье мохь бетта юьйлира Лена а. Кафен йиллинчу неIарехь лаьтта, баьццара куртка йоьхна цхьа стаг вара дерриг а телефон тIе дIаяздеш. Хьалххе кечам бина, дина хIума дара иза. Араволлучехь хьежа а хьоьжуш, лаьтташ 4-5 жимстаг вара.

Куьйгашца корта а лаьцна, бертал Iуьллуш яра со. Цундела сан куьйгаш тIехь таммагIаш ду, корта а лазийна, дегIа тIехь гематомаш кIезиг ю, хIунда аьлча, суна тIехь палто яра, цо ларйинера со. Чевнаш коьртана алсам хилира сан.

- Шуьшиъ лоьраша тIе муха ийцира, Соьлжа-гIалахь шаьшинна динчух хаийта яхча?

- Травмотолог хьаьжира тхошинга, дуккха а йиттина лараш тIехь хилар билгаладьккхира цо. Аьрру куьг дистинера сан, кагйина даьIахк яц аьлла, гайтира рентгено. Юха Ленига хьожучу нейрохирурго соьга схьа а хьаьжна, "суна гуш ду, хьуна хIуммаъ а ца хилла" элира. Иштта генара бIаьргтоьхча, кхийтира иза, суна хIуммаъ а ца хиллий.

– Ткъа нохчийн полицино муха тIеийцира шуьшиъ?

- Оцу сохьта хьешан цIийне баьхкира полисхой, хIунда аьлча, тхешан лоьмар чу хьалаяьлча охашиммо полицига телефон тоьхнера. Лоьрашкахула со а, Лена а чекхъяллалц хьоьжуш Iийра уьш. Юха хьеша цIийне юхадаьхкира тхо, инцидент хиллачу меттигах хьоьвсира полисхой, тхоьгара чуделла арз а схьаийцира. Суна хетарехь, цхьа а хIума толлур дац цигахь, делахь а чуделла кехат хила деза. Iуьйранна 4 сахьт долучу хенахь мукъа яра тхойшиъ.

- Кадыровн гонах болчийн хIусамех а, церан хьолах а яьккхина видео интернетехь яржийначу Нуханов Исламан гIуллакх лелош хиларца доьзна ду аьлла, шеко ю хьан, я цхьа кхечу бахьанашца?

- ХIаъ, ду дера Нухановн гIуллакх тIехула, кхидолчу гIуллакхашна а тIехула. Нохчийчуьра диъ гIуллакх ду ас дIахьош карарчу хенахь. Массанхьа а бохург санна, нах лачкъор, бакъо йоцуш еххачу заманчохь нах лецна латтор, Iазапаш лелор ду…Ас дукха латкъамаш бина оцу тIехула, нохчийн Iедалхоша и гIуллакхаш тесна дуьту аьлла. Хетарехь, и бахьанаш а хила тарло.

- ХIинццалц схьа Нохчийчохь цу кепарниг Iоттаделлерий хьох?

-ХIинццалц кхерамаш туьйсура суна тайп-тайпанчу бахьанашца. Ницкъаллийн структурийн белхахоша а, талламчаша а, прокуратурано а, кхелахоша а олура кхеттал дерг. ТIе куьгаш даьхьна дацара, бакъдерг дийцича. Хетарехь, собар церан кхачийначух тера ду.


Нийса дуй Кадыровс коронавирус бахьанехь лелориг?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG