ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Схьало шайгара бомбанаш". "Терроризм яржорна" бехкево Кадыровн гергарниг


Халимов Айтахьаьжа
please wait

No media source currently available

0:00 0:07:47 0:00
Линкана тIе

Материал кечйина "Север.Реалии порталан авторо Парамонова Юлияс

Нохчийн тIамах лаьцна видео социалан машанашкахь яржийча, терроризм яржийна цо аьлла, бехкевина, шеконашца дIалаьцна Калининградехь 27 шо долу Халимов Айтахьаьжа. Иза хIуманна а бехке вац, я цуьнан Нохчийчоьнца цхьа а уьйраш яц бохуш, тешна бу цуьнан гергаранаш. Оцу юкъанна къаьстина, ХалимовгIеран Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доьзалца гергарлонаш хилар.

Айтахьажа а, Камила а
Айтахьажа а, Камила а

"ВКонтактерчу" шен пена тIехь кхо видео зорбане яьккхина аьлла, ГIуран-беттан 24-чохь лецира Халимов Айтахьаьжа. 1994-1996-чу а шерашкахь Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамах лаьцна дуьйцура оцу документалан видео тIехь. Ткъа хIинца иза бехкала хьарчийна 205,2-чу артиклехь ("Кхайкхамаш бар, терроризм бакъяр, я цунна пропаганда яр"). Чиллан-беттан 24-чу дийне кхаччалц Халимов лаьцна вуьтуш, сацамбина кхелахоша.

Ши видеоролик клип санна суьрташ вовшахтухуш йина ю: Нохчийчоьнах кадраш гойту музыкан фонехь. Ткъа цхьахйолчу "Цара толам баьккхира оцу тIамехь" цIе йолчу видео тIехь цхьаммо дуьйцуш ду хиллачух. "Нохчаша дуьхьалоярехь гуш цхьа къонахалла яра", цара "шайчул а ницкъ алсам болчу шен мостагIчунна духьало латтийра", "шайн доьналла гайтира цара", эххар а "Соьлжа-гIалара арабехира оьрсий" бохуш, дуьйцу видео вовшахтоьхначо.

Халимовн агIон тIехь хьажа йиш ю оцу роликашка хIинца а.

ТIом карлабаьккхина

Стохка гурахь веара нохчо Халимов Айтахьаьжа шен хIусамненаца Камилица Казахстанера Калининграде. Карагандан кIоштарчу Малая Сарань эвлахь даьхна ду и шиъ даим.

Халимов Айтахьаьжа а, цуьнан хIусамнана Камила а
Халимов Айтахьаьжа а, цуьнан хIусамнана Камила а

Аьхка керла доьзал кхоьллинчу цу шиннан Iалашо хилира Оьрсийчохь дIатардала, цигахь таронаш алсам ю аьлла, хеташ.

- Iен а, даха а, болх бан а, бераш кхио а дагахь даьхкира тхо. Iаламат тайра тхуна Калининград: дуккха а хаза меттигаш бу кхузахь, хIорд бу. ХIора денна тхайн доттагIашца а, гергарчаьрца а видеозIе тосура оха, дуьйцура тхо кхуза схьадаьхкина даккхийдерх а. Тхуна тIаьххье тхан да- нана а дара схьакхалха дагахь, - дуьйцу Камилас.

Казахстанехь Камилин цIийнда "Вайнах" олучу хелхаран ансамбехь вара, дуьненаюкъарчу фестивалашкахь а, барамашкахь а дакъалоцура цо. Ишта, футбол ловзуш а вара иза. Хадархочун болх бинера цо, директоран гIоьнча а хиллера иза. Цкъа а ца дуьйцура цо я терроризмех а, я национализмех а боху Халимовас.

Казахстанехь Халимовс дакъалаьцна ансамбл
Казахстанехь Халимовс дакъалаьцна ансамбл

– Тхо кху заманца дехаш нах ду, тайп-тайпанчу къаьмнех дуккха а доттагIий а, гергарнаш а бу тхан. Бераллехь дуьйна доттагIалла дара сан воккхахволчу вешин Айтахьаьжица, нагахь санна, иза ледара кIант хиллехь, сан вашас со мича йохуьйтур яра цуьнга маре. Нагахь санна, иза террорхо, я цхьа националист хиллехь, цкъа делахь, цо цIена хIу долу нохчо ялор яра. Социалан машанашкахь а шен цIарца аккаунташ лелор яцара. Полисхой тхуна чулилхича, цхьа кхи сурт гаре сатесна хир бара уьш. Царна гира лартIахь хIусамнана а, иштта цIийнда а дуйла. И цатайна хир дара царна.

Сийлахь Даймехкан тIом бирзинчул тIахьа Халимовн дайшна Нохчийчуьра Казахстане депортаци йинера. Ткъа 1990-чу шерашкахь цуьнан да а, нана а даймахка дирзира, хIетахь кхинболу а казахийн диаспорера дуккха а нохчий санна. Нохчийчохь 1993-чу шарахь дуьненчу велира доьзалехь Айтахьаьжа. Бер долчу хенахь гина цунна Нохчийчохь тIом.

- 1994-1995-чу шерашкахь бара цигахь тIом. Жима вара иза цу хенахь, амма цунна дагахь дисина шаьш цхьанхьа девдда дахар, шаьш цIенойн бухарчу ларми чохь хан яккхар а. ЧIогIа кхераме хан яра бохура цо и. И роликаш зорбане яьхна хир ю цо аьлла хета суна, шена тIом карлабаьлла дела. Терроризмна пропаганда ян Iалашонца уьш зорбане яха цуьнан Iалашо хилла яц, - аьлла, тешна ю Камила.

Казахстане дас-нанас дIавуьгучу заманчохь 6 шо дара Айтахьаьжин. Цуьнан да велча, бераш а эцна, нана юхаеанера Малая Сарань олучу эвлахь бехачу шен нахана тIе. Цул тIаьхьа цкъа бен Нохчийчохь хилла вац иза, кхиазхо волчу хенахь бен, дуьйцу хIусамнанас.

Камилин да нохчо ву, нана- оьрси ю. Калининградехь ненайиша ю Камилин. Цигахь ненаненан петар яра еса лаьтташ, цундела сацамбира цара Калининградехь саца. Оьрсийчохь ваха ханна шена бакъо (РВП) яларе хьоьжуш масийтта баттахь Iийра Халимов юьхьанца. Медкомиссех чекхваьллера иза, оьрсийн меттан а, историн а экзамен дIаеллера цо. ГIишлошъечохь Iаьржа белхаш беш вара иза, шена пачхьалкхан вахархочун бакъо каракхаччалц. Ткъа оцу юкъанна, Казахстанехь медицинан колледж яккхарх диплом тIе а чIагIдина, меттигерчу дарбан цIийне балха хIотта кхиинера Камила.

"Бомбанаш, герз, ахча"

ГIуран-беттан 23-чохь эххар а схьаелира Халимовна цо сатийсина РВП а. Ткъа 24-чохь сатосучу заманчохь туьтмIаьжгаш йоьхкина нах чулилхира царна.

- Iуьйранна 6 сахьт даьллачу хенахь неI туьйхира тхан. "Мила ву" аьлча, "Паспортан контрол ю" аьлла, жоп делира. Со кхераелира. Цо неI схьайиллира, туьтмIаьжгаш йоьхна, автоматашца чулилхинчу наха лаьтта охьавиллира сан хIусамда. Мохь хьекха йолаелира со. Са ма гатде, ишта Iаморан таллам бу шайн хIара элира цара. Юха кхийтира со, цхьана Iалашонца уьш баьхкина хиларх. Цуьнга хеттарш дан буьйлабелира: "ВКонтактехь" муьлхачу цIарца ю хьан аккаунт бохуш, - дагалоьцу Халимова Камилас.

Баьхкинчара ца гайтира я шайн кехаташ а, я хIусамах хьовса бакъо а. ТIеман гIирс а, ахча а схьало бохура, амма шайгахь яцара цара йоьхург боху зудчо.

-"Схьало шайгара бомбанаш а, герз а, ахча а. Муьлха исламан литература ю шуьгахь" бохуш, хоьттура баьхкинчара. Массанхьа хьовсуш чекхбевлира - хIуммаъ а ца карийра. ТIаккха хеттарш дан буьйлабелира Айтахьаьжига, дозанехула чекх муха велира, кест-кеста хуьлурий хьо Дагестанехь бохуш. Документаш юкъахь долу папка а листира, буьйлуш бара, оьрсийн меттан экзамен дIаелча цунна деллачу сертификатах, - боху Камилас. – Эххар а протокол а хIоттийна, сан компьютер а, цIийнден телефон а дIаяьхьира.

Халимова Камила
Халимова Камила

Оццу заманчохь Камилин ненайишин петарх хьовса а бахана хиллера уьш. Цигахь ханна дIаязвина ву Айтахьаьжа. Талламаш бинчул тIаьхьа лаьцна, дIавигира иза. Шина дийнахь-бусий цунах хилларг ца хууш яра Камила.

- Чиллан-беттан 24-чу дийне кхаччалц, кхело талламан изоляторе иза дIахьажийча бен ца хиира суна волу меттиг, - боху Камилас.

Прокуратуре ша арз динчул тIаьхьа бен цIийндех лаьцна информаци ца кхачийра шега боху зудчо.

Халимов лаьцначу шина беттачохь, цкъа бен хIусамнана тIейитина яц цунна.

- "ВКонтактерчу" шен агIон тIе Нохчийчохь хиллачу тIамах ролик яккхар доцург цо кхи дина хIума а дац, хIетте а цхьа инзаре артикл ю юьйцург! Документалан ролик ю иза, даймехкан Сийлахь тIамех а, ОвхIанистанехь хиллачух а санна яьккхина. Цул а къиза кадраш гойту-кх исбаьхьаллин кинош чохь. И дерриг а диллина, интернетехь ган аьтто болуш ма ду. Нагахь санна, и роликаш йихкина елахь, блок стенна ца тоьхна царна хIинццалц?- хоьтту Камилас.

Цо дийцарехь, жаннаш лаза девлла СИЗО-хь волчу цуьнан цIийнден. И лазар бахьана долуш 2017-чу шарахь эскаре воьдучуьра а мукъавитинера иза боху цо. Ткъа хIинца лазарш оьху цунна, я лоьраш тIе буьтуш а бац боху Камилас.

- Дечкен-беттан 22-чохь иза ган яханера со. Цо элира соьга: лазар теден молха эцахьа шена аьлла, лор кхайкхинера ша, анализаш дIа ца ийцира бохура цо. И хIу ду дан а! Харцо ма ю иза! Тхуна хIинца а ца хаьа, билггал хIу диагноз ю цуьнан. Кхи суна гина вац иза, я хезна а вац. Бакъо ца ло цуьнца цхьанакхета.

19-гIа кIира ду Камила доьзалхочух йолу. Цунна гIо дан аьлла, Казахстанера схьаеана ненанана Ермоленко Надежда.

- Со кхетарехь, терроризм - лелхийтарш дар, цIетийсар, нах байар ду. Ткъа кхузахь – роликашка хьаьжнера аьлла. Нагахь санна, иза схьаваьллачу къомаца доьзна хIара делахь, хIоранна а ма бу диканиш а, вониш а, террорхой а - оьрсийн а, украинхойн а, нохчийн а, - боху Ермоленкос.

Камила а, цуьнан ненанана Ермоленко Надежда а
Камила а, цуьнан ненанана Ермоленко Надежда а

Казахстанехь хан йоккхучу заманчохь цкъа полици валийна вац Айтахьаьжа. Доьзало массанхьара а кехаташ ду цунах лаьцна гулдеш, кхеле дIакхачо. Массо а цецбуьйлу боху хIусамнанас, оццул тийна-таьIначу цу кIантера хIун даьлла хир ду бохуш.

- Кхуза схьадаьхкинчул тIаьхьа хиира суна, со доьзалхочух юйла. ЧIогIа хазахеттера тхуна. Доьзал кхоьллинера оха, хIинца доьзал а бац. Доллу шен дахарехь тIехь дуьсур ду цунна и таммагIа. Иза цхьанхьа балха эца а кхоьрур бу. Елла бакъо схьаяьккхина, пачхьалкхера араваккха там а бу иза. Ткъа со Оьрсийчоьнан яхархо ю, Казахстанехь яха со юьтур яц. ХIун хир ду тхох кхи дIа? Со "террорхочун" зуда ю, берийн "террорхо-да" хир ву. Тхо стенгахь даха деза?

Кадыров вовзар

Чиллан-беттан 3-чохь Халимовн адвокато Бонцлер Марияс дийцира "Север.Реалиин" редакцига, талламчаша Волгоградерчу Къилбан экспертан центрехь экспертиза йина роликийн, цара а тIечIагIдина, видеошца терроризм бакъеш хилар. Санкт-Петербургехь йозуш йоцу экспертиза яйта гIерта Бонцлер.

- И кIант Нохчийчохь вина ву, цунна тIом гина, цунах лаьцна хаа а лиъна. Йиллинчу сайт тIехь масех ролик гина цунна, Нохчийчохь хиллачу тIамех лаьцна. Ницкъболу Оьрсийчоь жимачу Ичкерина тIелеттера, цунна бомбанаш йиттира, амма дуьхьало латтийра нохчаша аьлла ду цу тIехь. Историн контент хиларе терра, шен пена тIе схьаэцна Халимовс и ролик. Дудаевн биографи карийна полисхошна цуьнан телефон чохь - иза а ду цунна дуьхаьл детташ, - дийцина адвокато.

"Север.Реалиин" корреспондентна интервью еллачу шолгIачу дийнахь Бонцлер Марие куьйгъяздайтина, кхелах дерг Iорадоккхур дац аьлла. Адвокато бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун генара гергара ву Халимов. Камилас а бакъ ду боху, амма кхи тIех даьккхина хIуммаъ ца хаьа шена гергарлонех аьлла.

- Кадыров Рамзанан деда а, Айтахьаьжин деда а шахтехь цхьана болх бина ву, лулахь ваьхна а ву, ткъа хIинца цхьана кешнашкахь дIавоьллина а ву и ший а. Кадыровн да, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а Малая Сарань олучу меттигехь вина ву, цигахь ялх шарахь ваьхна а ву. Сан цIийнден девашас уллора гергарло лелийнера цуьнца, - боху Камилас. – Казахстане Кадыров Рамзан веъначу хенахь, Айтахьаьжин деда волчу веара иза, сурт а ду даьккхина церан.

Кадыров Рамзанца сурт
Кадыров Рамзанца сурт

Халимовн деваша а, дейиша а тIехь йолуш, Кадыров Рамзанца даьхна суьрташ а ду.

205.2-чу артиклца дуьхьалдаьккхина, кхи а цхьа гIуллакх а ду Бонцлер Марияс тIелаьцна. Бехкевийриг Калининградан вахархо ву. Путинах лаьцна маьттаза дешнаш аьлла цо социалан машанашкахь.

- Австралехь бусулбачийн маьждиг дохош видеоролик карийнера цунна интернетехь. Цул хьалха бусулбачаьрца цхьа къовсам хиллера цуьнан. Бусулбанаш бахьана долуш Оьрсийчоь хIаллакхуьлуш ю, цунна бехке Путин ву аьлла, яздинера цо. Уьш берриш а байа богIу аьлла а, яздинера цо.

Амму цунна бехке диллинарг и дац, иза кхеле озийна, цо Путин хьахош маьттаза дош аларна. Цкъачунна лаьцна вац иза.

Иштта нисделла-кх – хIара бусулбанашна дуьхьал ву, ткъа важа (Халимов) бусулба ву. Шинна а тIе бIаьрг хIоьттина.

Нийса дуй Кадыровс коронавирус бахьанехь лелориг?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG