ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашца харцо лелорна гIуда тоьхна полицина Германехь


Нохчийн мухIажираш лецарна Германерчу Брандербург-лаьттан кхело харцйина Котбус гIалин полици, хаамбо Vayfond ассоциацино.

30 гергга нохчо лацар а, церан баха-бахка йолу маршо ханна гатъяр а бехкедина полицина.

Лаьцна хиллачех цхьамма дийцарехь, адвокаташа гIодина мухIажирашна полицигара компенсаци яккха.

«Тхоьга цхьана немцойн юкъараллин векало телефон туьйхира тхоьга банкера тхан реквизиташ хоьттуш, компенсаци луш ю тхуна, бохура. Делла хIора лаьцна латтийначунна 700-900 евро, - аьлла цо.

2019-чу шеран аьхка Котбусехь дахаран хьелашкахь иккхинчу девнехь вовшахлеттера меттигера бахархой. Еъначу полицино девнан декъашхойх лийцира беккъа цхьа нохчий – 30-ттех стаг. Полицино шен белха тIехь, ша нах сецочу а, бехкебечу а муьрехь къаьмнаш къестадо, аьлла даржийра Германерчу нохчаша прессехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG