ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кремло листа оьшуш дац» Соьлжа-ГIалахь дина тIелатар


«Новая газетерчу» («Керла газета») Милашина Еленина а, адвокатна Дубровина Маринина а Нохчийчохь еттар талла декхарениг Кремл яц, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс.

"Доккхачу декъанна, иза Кремлан гIуллакх дац, иза талламбан декхаре болчу низамлардархойн гIуллакх ду», даладо Песковн дешнаш Regnum агенталло.

Журналисташна, бакъоларъярхошна Нохчийчохь дуьххьара деш тIелатар иза дацаро сагатдойтий Кремле, аьлла хаттича, Песковс делла жоп ду ишта: «…мухха а делахь а, иза низамхойн балакхача дезарг ду».

Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, деношкахь Соьлжа-ГIаларчу "Континент" отелан неIаршкахь тIелетта Малашинина а, Дубровинина а бевзашбоцучийн тоба, шайлахь дукхахберш зударий а болуш. Цара йиттина хьешашна.

Журналист а, адвокат а еанера Нохчийчохь вахархочунна Нуханов Исламна тIехь ян йолаечу кхеле кхача. Нухановс дIадахначу шеран тIаьххьарчу беттанашкахь интернете йиллира ша яьккхина цхьа видео – муха ю Кадыровн гонерчу нехан хIусамаш гайтинера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG