ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йишин кIантах премьер-министр вина Кадыровс


Кадыров Рамзан а, цуьнан йишин кIант Закриев ИбрахIим а
Кадыров Рамзан а, цуьнан йишин кIант Закриев ИбрахIим а

Шен администрацин куьйгалхо хIоттийна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-гIалин мэр лаьттина, шен йишин кIант Закриев ИбрахIим. ТАСС агенталло Iорабаьккхина и хаам. ХIинццалц оцу даржехь вара Кадыровн юьртахо Таймасханов Галас. Дийцарехь, кхечу куьйгалле дехьавоккхур волуш ву иза. Закриев мэр волчу заманчохь ненавашас, Кадыров Рамзана, даим а масална тIехветтара иза кхечу хьаькамашна.

Карладоккху, Закриев ИбрахIим Кадыров Рамзанан йишин Зулайн воI ву. Москвахь Лаккхара школа чекхъяьккхина, экономикан говзалла караерзийна ву Закриев.

Вице-премьеран гIовс лаьттира иза, ишта финансийн министран гIовс а, вице-премьеран даржехь а витира. 2018-чу шеран аьхка хIоттийра иза шахьаран мэр.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG