ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн политикан тутмакхашка кехат кечдина яздархоша а, журналисташа а


Шайн солидаралла гойтуш, Оьрсийчуьра бIе сов яздархоша, журналисташа, гочдархоша, публицисташа, кхинболчу културан а, юкъараллан а жигархоша кехат яздина оьрсийн политикан тутмакхашка. Карарчу хенахь "Мемориал" центран бакъонашларъярхоша хIоттийначу тептарехь 64 стаг политикан тутмакх ву.

Colta.ru-н сайтехь зорбане даьккхина цара кехат.

"ХIора пIераскандийнахь бIеннашкахь пикете бовлий, нах лаьтта Москвахь а, Петербургехь а метрон социйлашкахь, шуьца нийсо лелайе, шу маьрша а даха бохуш.

Иштта Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а ламаст хилла дIахIоьттина хIора кIиранах пикет хIоттош. ХIора денна оха Iорадоккху шух лаьцна бакъдерг, шуна дехкинчу бехкех а, бинчу харц сацамех а дуьйцу. Денна лоьхуш ду тхо, тхуна кара а до некъаш, шун гергарчарна гIо дан. Тхо тешна ду, тахана оха беш болу кхайкхам шуьга массаьрга а дIакхочур бу аьлла: хуьлийла шу баракехь, я набахтехь. ТIаккха хуур ду шуна, шу цхьалха доцийла а, иттаннашкахь, бIеннашкахь маьрша болчу наха денна шун кхолламан ойла еш хиларх а, шун а, тхайн а маршонан дуьхьа тхайн ницкъ кхочург оха деш дуйла а". Ишта бу кехатан чулацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG