ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк боцуш лецна нохчий дIахецна Австрехь


Бехк боцуш лецна нохчий дIахецна Австрехь
please wait
Embed

No media source currently available

0:00 0:02:36 0:00

Нохчийн къомах волу ши жима стаг лаьцнера Венехь стохка ГIуран-баттахь. Теракт ян кечлуш хилла и шиъ, аьлла шеко кхоллаеллера меттигерчу низамаш лардечу органийн. Ши нохчо лецира, Австрин зорбан гIирсашкахь шуьйра дийцаре а деш. Цхьана кIиранах хьехийра цара нохчаша тIелатар кечдеш хилла бохуш. Амма Грац гIалахь талламан изоляторехь шина баттахь латтийначул тIаьхьа и шиъ дIахийцира гIалин Лаккхарчу кхелан сацамца. Цу сацамехь дуьйцуш ду, ши нохчо бехке хилар чIагlдеш талламхоша гулдина тоьшаллаш бух болуш дац аьлла.

XS
SM
MD
LG