ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Би-би-си: Ливехь оьрсийн эскархо велла


Оьрсийн эпсар Мостовой Глеб
Оьрсийн эпсар Мостовой Глеб

Оьрсийн эскаран эпсар вийна Ливехь аьлла, хаамбина оьрсийн Би-би-си хьостано. Хьалхо веллачун цIе а ца йоккхуш, бира изза хаам регионалан "Оренград" хьостано. Мича хьелашкахь вийна а, я цуьнан дарж а хоуьйтуш дацара. ТIеман конфликтехь шаьш дакъалоцуш дац аьлла Оьрсийчоьно.

Ткъа Би-би-си-но Iорадаккхарца, 27 шо долу Мостовой Глеб ву Ливехь вийнарг.

"Оренград" хьостано снайпер вара боху иза. Велларг тIеман университетехь доьшуш вара аьлла, иза вевзачу цхьаммо. Карарчу беттан 5-чу буса вийна лоруш ву эпсар.

Оренбургана 127 чакхарма гена йолчу Акбулак эвла лаьтте кховдо дIаваьхьна велларг. Тезета кхача аьтто ца баьлла журналистийн, хIунда аьлча полицино чу ца битарна.

ТIеман конфликт лаьтта Ливехь. Конфликтан коьрта ши агIо ю – ООН-о тIеэцна Триполера Сараджа Фаизан къоман бертан Урхалла а, ханна вовшахтоьхна, инарлас Хафтар Халифа гIо латтош йолу Тобрукера кабинет а.

Iамеркан вахархо волу Хафтар Москвахь дешна ву. Пачхьалкхан хиллачу диктаторан Каддафи Муаммадан гонера герггара стаг вара иза, тIаьхьо оппозици ваьлла.

Цуьнан эскарна гIо латтош бу доларчу Вагнеран тIеман компанин (ЧВК Вагнер) декъахой. Шаьш Ливерчу тIамехь хилар тIе ца дуьту Оьрсийчоьно. Пачхьалкхан тIеман министралло Ливехь эскархой баларх а хааме ца доккху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG