Кху беттан 6-чохь журналистна Милашина Еленина а, адвокатна Дубровина Маринина а тIелатар динчу Соьлжа-гIаларчу "Континент" отелерчу камераша дIаязйина видео ца ехна Нохчийчуьрчу полицино. Милашинас ша бина и хаам "Новая газетан" сайтехь.
Цо дийцарехь, отелехь хIоттийна ерриг а 27 камера ю, царех кхааммо дIаяздо холл чохь дерг. Цигахь дина ду тIелатар а.
Шайна тIелатар динчул тIаьхьа журналисто мониторан сурт даьккхина хилла, йоллу камераш болх беш хилла цу сарахь.
ТIелатар динчу меттиге баьхкинчу полисхоша, еттачу хенахь хIара шиъ охьайиллинчу лаьттенан бен сурт ца даьккхина хилла. "ХIинца а камераша дIаязйина видеош ца ехна цхьаммо а, цара аьтто бийр бара оцу сохьта зуламхой схьакарон", - яздо Милашинас.
Шайна тIелатар дарна бехке ю аьлла хета цунна Иконникова Анна. ТIелетта кIира даьлча газетан редакци журналистана кхерамаш туьйсуш кехат даийтина цо. ТIелатар дечу дийнахь Иконникова Нохчийчохь яра боху Милашинас.
Иза йоцчунна а, Иванниковас кхерамаш тийсина "Мемориалан" белхахошна а, режиссерна Сокуров Александрна а, Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна а.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?