ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчохь йогучу машенчуьра ши стаг кIелхьарваьккхина Нохчийчуьрчу вахархочо


ХIирийчохь йогучу машенчуьра ши стаг хьалаваьккхина Нохчийчуьрчу Султаев Сайд-Мохьмада. Журналисташка дIахьедина цо, шена кхераме дуй а хаьара шена, амма бохамехь нахана тIехIотта веза бохуш, кхиийна ша тIех ца валавелира аьлла, язло Регион online хьостано.

"Йогуш КамАз гира суна, чохь ши стаг а волуш: машенан урхалла дийриг а, цуьнца пассажир а. Цу чуьра аравала атто бацара цушиннан. Ас кIелхьарваьккхира и шиъ, дерриг а дика дIадирзира", - аьлла Султаевс.

ТIаьхьо социалан машанашкахь видео яржийра, бохам хиллачу меттигара. Цу тIехь гуш ю йогу кабина.

Кир дIасакхоьхьучу машенахь болх беш ву ша Султаев а. 4 беран да ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG