ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчий боцуш меттиг бац". Нохчийн Туркойчуьрчу дахарх


Стамбулан урамехь
Стамбулан урамехь

Материал язйинарг "Кавказ.Реалиин" корреспондент Пейсахова Анна

Масех иттех эзар нохчо ву Туркойчохь вехаш. Нохчийчохь хиллачу тIамех бевдда бахна мухIажирш а бу царлахь, Iедало баха ца битина, я Iер-дахаран хьелаш ледара долуш, маьршачу заманахь дIабахнарш а бу. Стамбулерчу нохчашца цхьанакхетар хилира "Кавказ.Реалиин" корреспондентан.

Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Ичкерин вахархо ву ша боху Мустафас. Дийнахь 150 доллар а оьцуш, бизнес-гидан болх беш ву иза.

"Клиент Iуьйранна хьала а гIаьттина, цунна волавала дагадеанехь, гид цунна улохь хила везаш ву. Эшахь буьйса юкъе яххалц а Iа веза иза цуьнца. Юучух а, некъах а ахча клиенто ло. Ткъа гид цуьнан адвокат а, гочдархо а, гIоьнча а, цуьнан хадархо а хуьлу. Базарахь, я туьканахь мах къуьйсу ас цуьнан метта, оьшург сихха карайо. Нагахь санна, гид дукха эсала, тийна-таьIна велахь, шолгIа иза ца лоцу", - дуьйцу Мустафас шен балхах лаьцна.

Дукха хан йоццуш студент вара Мустафа. Ца ваьллачу денна дIатесна цо Нохчийчоь, са а хьийза шен боху.

"Кавказехь хууш ду, багах даьллачух жоп дала дезий. Ткъа Туркойчохь къовсам балахь, божарша нана а, йиша а хьахайо. ТIаккха уьш кхето безаш хуьлу буй-тIара а деш, ишта мегар доцийла хоуьйтуш", - боху цо.

Оьрсийчуьра дIавахана, Туркойчохь виса хала дац. 300 доллар доьху хIусам лоцург, коммуналан йолах 30 доллар ду. 500 долларх дийнна баттахь хене вала тарло оьшург а латтош. Пачхьалкхан школана 100-150 доллар дIадоьду баттахь, берийн бешах 200 гергга долу. Шарна хIусам лаьцначул тIаьхьа, таро хуьлу турист санна кхузахь хан яккха, банкехь хьайн чот елла а аьтто хуьлу хьан.

Шен бакъйолу цIе яккха а, шен сурт даккха а бакъо елира Мадинас. Оьрсийн мотт буьйцучу Стамбулерчу нахана цIахь ян а еш, юуург юхку цо.

"Нохчаша дика дIаоьцу оьрсийн даар: пельменеш а, пираьшкаш а, "Наполеон" олу торташ а, - дуьйцу цо. – Сайн клиенташ бахьана долуш дуккхаъ нах бевзина суна. Муьлххачу а белхан сферехь карор бу-кх хьуна нохчий. Атта дац, бакъдерг аьлча, бераша-кхиазхоша дуккха а ахча дIаузу. Амма Кавказе юхаерза дагахь яц со. Цигахь белхан къоьлла ю, цхьа а тIаьхьало йолуш хIума дац. Адам мелхо а цигара дIауьдуш ду".

Шегара визиткаш гойту Мадинас: нохчо-таксхочун, аэропорте трансферан, косметологан, массаж ечун, спортан тренеран.

Йохка юург кечъеш ю Мадина
Йохка юург кечъеш ю Мадина

"Туркойчуьрчу нохчашка ахь телефон ма етталахь"

Рамина а, Iайнаъ а, Малика а вовшийн гергара зударий бу. Кхиамечу бизнесхойн хIусамнаной бу уьш. Къамел дан реза ю Малика, амма дуьхьал хилира иза, шен йоллу цIе йовзийта.

"Сан нанас элира соьга: 'Туркойчохь нохчашка телефон ма етталахь, ахь зIе дIахьовзаяхь- къайлахчу сервисийн лоьмар хир ю хьуна' аьлла. Сема хила везаш ву-кх хьайн партнерашца а цхьана. Масала, чоьта тIе ахча а доккхуш, цхьаъ оьцу ахь, дIа ладоьгIча, цхьана тIемалочун цIарах хуьлу и карта. ТIаккха хьан телефон чохь дIаязвина мел верг дIалоцу. Стамбулера набахтеш юьзна ю", - боху цо.

Маликин вешин йоI Нохчийчу шен да волчу йоьду кест-кеста. "Дозанехь хьиджаб коьртахь мел йолчуьнга хеттарш до. Къеста а беш, ахча дуй шуьгахь, хIу бизнес ю аш лелориг бохуш, хеттарш до. Цкъа со цIа йоьдучу хенахь дозанхоша хаьттира соьга тхан 'маьлхан сибат' долчух, Кадыровн политика суна муха хета аьлла. 'Со йоккхайина а ца йолу цунах' элира ас, елар эккхаш. Со а йоьлу, эпсар а ву воьлуш соьца. Юха йоьдуш хеттарш дора: хьиджаб хIунда тиллина, цIийнден маж хIунда ю бохуш. Ас элира, Кадыровс тIедожийна ду тхуна, цундела лелайо аьлла", - йоьлуш дуьйцу Iайнаа.

Туркойчоь
Туркойчоь

Туркойн набахтехь ю Раминин йоI. 6 шо хьалха Iарбочуьнга маре яханера иза. 2018-чу шарахь шеца Шема йола аьлла хиллера цо цуьнга. Цигахь даIишхоша йийсаре лаьцнера цуьнан майра, ткъа карахь мел долу кехаташ дайра берашца йисинчу хIусамненан.

ЮхайогIучу заманчохь Раминин йоI дIалецира бакъо йоцуш туркойн доза хадийна аьлла. Цхьа шо а ду талламаш бен цуьнан хьокъехь, дех-ненах хаьдда бераш а деха. Мукъаденошкахь бераш тIедахкийта бакъо ло цунна.

Ши бутт мел бели Нохчийчу йоьду Рамина шен йоьIан бераш а оьций. Туркойн косметика а, духарш а кхоьхьу цо Нохчийчу, некъана делларг меттахIотторхьама. ХIоразза а доза хадочу хенахь цхьатерра хеттарш до цуьнга.

"Бусулба цхьа бакъахьа пачхьалкх ю Туркойчоь, кхузахь соцур яра со. Шемара тIом белара дIабоьрзуш", - дерзадо шен къамел Раминас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG