ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вена: Хадишт йийначу кIентан юха а дов хаьтти



Материалан автор ву Мамсуров Аслан - "Кавказ.Реалии"

Нохчийн мухIажирийн 7 шо долу йоI йийна аьлла, бехкевинчу Робертан юха а керла, довхоттуш процесс дIаяьхьна Венерчу лаьттан кхелехь. Хьалхо бинчу талламашкахь къаьстира, кIентан могушалла зийначу шина лоьран верси бIостане хилар. Цундела Лаккхарчу кхело сацамбира, кхоалгIа, возуш воцу эксперт юкъа а озийна, цуьнга ладогIа.

Австрехь гоьяьлла, берийн психиатри толлу говзанча Севеке Катрин ю кхелахоша эксперт хаьржинарг. Шина баттахь бохург санна кест-кеста цхьана а кхеташ, 18 шо кхаьчначу Робертан могушаллина тIехь терго латтийна оцу лоьро. Къаьсттина кхераме лору тутмакхаш латточу къевлинчу набахтехь волчу Робертца шен хиллачу къамелийн бух тIехь, жамIаш дина Севекес.

Набахтерчу дахарх а, Антония цIе йолуш, камерехь шена дуьхьалхIуьттучу йоIах а дийцина Роберта психиатре. Ша йийна Хадишт дукха езара шена, цуьнца вон а вацара ша, хIетте а иза ша стенна йийна тIекхуьуш вац ша аьлла, дIахьедина цо. Роберта бахарехь, цуьнан "коьртехь хезачу аьзнаша" йейтина иза цуьнга.

Ло санна кIайн коч а, камерехь дуьхьалтуьйсурш а

Йиллина яра Робертан процесс. Дукха бара цу кхеташонехь дакъалаца луурш, деса гIант а ца дисира цу чохь. Нохчий дукха бацара гулбеллачарлахь. Амма алсам бара юридикан факультетан студенташ а, журналисташ а. Девзаш долчу бахьанашца, бацара дов хоттучохь Робертан гергара нах а. Бекхам барна кхоьруш, Роберт лаьцначул тIаьхьа, Австрин Iедалхоша кхечу пачхьалкхе дехьабаьхна кIентан да, нана а, ваша а, церан цIераш хийцина.

Делахь а, ло санна кIайн коч а, сирла джинсан хеча а йоьхна вара жимстаг. Да а, нана а тIе а кхочу шена набахтехь, кехаташ а яздо шега аьлла, дIахьедира цо. Ишта цо чIагIдора, ша кхелахойн хIусамехь волчу юкъанна, шен езар, "зуда ю ала мегар долу" Антония цIе йолу йоI камера чохь, ша юхаваре хьоьжуш аьлла.

Ахь юьйцу Антония боху йоI яц шега суьдхочо аьлча, Роберта жоп делира: "Соьга хаьттича - ю. Антония реалехь йолуш ю".

Адвокат Раст Николаус а, йийначу йоьIан ваша а
Адвокат Раст Николаус а, йийначу йоьIан ваша а

Кхелехь эксперто Севеке Катрина дийцира, ша тешна ю, Антония а, Робертан коьртера кхинболу турпалхой а – шизофренин галлюцинаци яц, иза жигара компьютеран ловзаршка марзвелла хилар ду аьлла. Робертан психика йоьхна хиларх шеконаш яц Севекен.

Делахь а, боху цо, зулам дечу заманчохь иза лазаро корта баьхьна хилла бохург бакъ дац, хIунда аьлча, ша дечух кхеташ хилла иза. Масала, йоI йийначул тIаьхьа лараш дIаяйа гIерташ цуьнан хьийзар. Цо тIечIагIйина психиатран Хоффман Петеран верси. Хаалуш йоцу кIентан шизофрени жигара яьккхина, йоI йийначул тIаьхьа хиллачу стрессо а, ша цхьаъ камера чохь валлорна а аьллера цо.

"Нохчий суна дуьхьалбохуш ду шу!"

Ши адвокат дара Робертан интересашна тIехIиттина кхелехь. Муьлш бу ца хуучу наха кхерамаш туьйсу шена, ша йоI йийна стаг Iалашвеш ю бохуш, дуьххьарлера кхел йоьдучу хенахь телевизионан шоушкахь ша шена реклама йина Хиршбирн Лиана ю цхьаъ.

Цхьана а кепара тоьшаллаш ца далийра цо, шена кхерамаш билггал туьйсуш хиларх. ТIаьххьарчу кхелехь, нохчий бехкебина ца Iаш, Хадиштан доьзало лаьцначу адвокатна Раст Николаусна а цхьана тIейирзинера иза.

"Хьо ву суна нохчийн тIетуьйсург!", - аьлла, дIахьедира цо шен коллеге. Ишта дехар дира цо кхелахошка, Хадиштан доьзалан адвокат хийца бохуш. Кхелахоша тIе ца дитира цуьнан дехар.

Кхетам чохь хилла иза я ца хилла?

Робертан бехках дуьйцуш дацара кхелехь. Карарчу хенахь цуьнгахь лаьтта хьал а дацара шеконе оьцуш. Къасто гIертара, йоI юьйчу заманчохь кхетамчохь хиллий иза. Бехккъасторхойн карахь дара цунах йист яккхар.

Эххара а бовзийтира шайн сацам цара - ша дечух кхеташ, йоI юьйчу минотехь а кхетамчохь хилла иза аьлла. Цул тIаьхьа суьдхочо дIакхайкхийра: Робертна набахтехь даккха 12 шо хан тохар а, цул тIаьхьа еххачу ханна къаьсттина адамашна кхераме болу нах латточу къевлинчу психиатрин хIусамехь иза латтор хилар а.

Стохка хиллачу кхелехь тоьхначу хенал а цхьа шо кIезиг ю хIинца кхайкхийна хан. И бохург ду, Роберт цхьа шо хьалха къевлинчу клинике хьажор хилар. Ткъа иза ю набахтехьчул а шога хьелаш ду цигахь бохуш, юьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG