ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кремлан а, ФСБ-н а пурбанца вийнарг"


"Берлинан киллеро" Красиков Вадима, "Соколов Вадим" аьллачу паспортца Германи а веана, герз тоьхна вийра Гуьржийчуьра схьаваьлла Хангошвили Зеламха.

Ша Европе кхачале хьалха ФСБ-н "Вымпел" олучу спецназан базехь кечвина хилла иза, масийттазза Вернадскан Проспектерчу къайлахчу сервисийн Антитерроран урхаллехь а хилла ву иза, ишта дукхазза телефонашкахула къамелаш хилла цуьнан хIинца болх бечу а, цхьана хенахь "Вымпелан" декъехь хиллачу а белхахошца, яздо "Свобода" Радионо.

Кест-кеста иза зIене волуш хиллачарлхаь ву "Вымпелан" ветеранийн фондан куьйгалхо Бендерский Эдуард. Хьалхо Радиона къаьстира, оьрсийн хакеран Якубец Максиман нуц хилар Бендерский. Iамерко 5 миллион долларш кхайкхира, Якубец лоцуш гIо динчунна. Оцу дерригенах а дуьйцуш ду Bellingcat интернет-хьостано а, немцойн Der Spiegel газетано а, оьрсийн The Insider гIирсо а юкъахь бинчу талламийн жамIашкахь.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал хиллачу гIаттамхойн куьйгаллехь лаьттина Хангошвили Зеламха вийра Берлинехь стохка Марсхьокху-беттан 30-чохь.

Оцу сохьта шеконашца лецира зулам динарг немцойн полицино. Соколов Вадиман цIарах даьккхинчу паспортца хадийна хиллера цо Европан доза. Bellingcat хьостано а, цуьнан партнераша а кхул а хьалха бинчу талламашца къастийра, Соколовн бакъйолу цIе – Красиков Вадим хилар а, цуьнан оьрсийн къайлахчу сервисашца уьйраш хилар а. Кхи дIа динчу зераша гучудаьккхира, Красиковс кхул хьалха а нах байина хилар.

Берлине кхачале хьалха Оьрсийчохь Красиковс лелийначу телефонан лоьмар карон аьтто белира Bellingcat, Der Spiegel, The Insider хьостанийн, оьрсийн зIенийн цхьана компанино я Красиковн а, я цуьнан хIусамненан а цIарах цхьа а сим-карта доьхкина доцушшехь.

Делахь а, лоьмар гучуелира талламан авторшна: ГИБДД-хь Красиковн хIусамненан машен дола йоккхучу хенахь цигахь йитина хиллера иза. Ткъа и лоьмар, Красиковх лаьцна хIуммаъ а хууш доцчу цхьана компанин цIартIе язйина хиллера. Ишта аьтто белира талламчийн Красиковн телефон хиъначул тIаьхьа тIечIагIдан, "Берлинан киллеран" ФСБ-н белхахошца даим а зIе лаьттина хилар а, Хангошвили вен операци цара кечъеш хиллий а.

Ишта Bellingcat хьост а, цуьнан партнераш а тIекхаьчна, Европе ваха дагахь Красиковс эцначу керла сим-картех информацина. Оцу бахьанашца хиъна царна Германи кхачале хьалха Парижехь а, Варшавехь а иза хиллачу меттигех.

Талламчашна къаьстина, стохка бIаьста дуьйна операцина кечамаш болийна хилар, хIунда аьлча, Красиковс уггар а дукха телефонаш етташ хилла хIетахь Бендерский Эдуарде.

Чиллан-баттера схьа Марсхьокху-батте кхаччалц Красиковс мел лахара 20-зза къамелаш дина Бендерскийца, ишта зIе хилла цуьнан, "Соколов Вадиман" цIарах харц паспорт а даьккхина, Товбеца-беттан 3-чохь Брянскера ша цIавогIучу хенахь а. ТIаьххьара къамел хилла цу шиннан Марсхьокху-беттан 13-чохь, Париже ваха 3 де дисинчу заманчохь.

Берлине кхача кхо кIира дисича, Bellingcat гIирсо бахарехь, хIинццалц шеца контакташлахь хилла воцчу, "Вымпелан" керлачу кхаа даржхочуьнца кест-кеста зIене вуьйлуш хилла Красиков. ТIаьххьара Хангошвили Зеламха вуьйчу этапехь дагавийла цунна бовзийтина хилла и нах аьлла, шеконаш ю талламхойн.

Бинчу талламехь Iорадаьккхина Красиковн телефон бахьана долуш тIекхиъна хилар, иза кест-кеста Балашихерчу ФСБ-н спецзназехь а (35690 лоьмар йолу тIеман дакъа), "Альфехь" а, "Вымпелехь" а, ишта Аверкиеверчу ФСБ-н спецназо Iамораш дIахьочу базехь а хуьлуш хилар. Берлине ваха новкъавалале хьалха масех де базехь даьккхина Красиковс. Ишта цуьнан телефон тIетасалуш хилла Вернадскийн Проспектерчу ФСБ-н Антитерроран центран машана а.

Bellingcat, Der Spiegel, The Insider гIирсийн керлачу талламех дийцина "Свобода" Радиона еллачу интервьюхь Bellingcat хьостан аналитико Грозев Христос.

"Москвахула Красиковн дIасалелар а, стохка Чиллан-баттера схьа цо телефонаш дIасаеттар а теллина оха. Зазадоккху-бутт карабеачхьана "Вымпелехь" болх бинчу 12 спецназхочуьнца уьйраш, зIенаш хилла цуьнан. Царех цхьаъ хIинца а болх беш ву цигахь. Берлинехь операци дIаяхьале бутт хьалха гуттар жигара даьккхинера цо шен цаьрца къамелаш дар. Дийнахь масийттазза телефонаш еттара цо цаьрга, ишта Бендерский Эдуарде а цхьана. ФСБ-ца йоьзначу дуккхаъ а меттигашкахь а хилла Красиков. Берлине вахале тIаьххьара цо полигонехь диъ де даккхаро цхьа а шеконаш ца юьту тхуна, и дерриге а Хангошвили верца доьзна хилла".

Красиковн куратор къайлахчу сервисашкахь цкъа мацах болх бина стаг стенна хIоттийна хилла, тахана а ФСБ-хь болх бийриг хIунда ца хилла аьлла, шега хаьттича, ишта элира Грозевс: "Тхуна анализо гайтарехь, Бендерский шеггара лелаш ца хилла. Ша тоххара болх бинчу ФСБ-н спецназан а, инарла Тихоновн а интересашкахь ду цо мел дийриг. Бендерский рол яра, Хангошвили ФСБ-но вийна вац, шайггара лелачу цхьана наха вийна аьлла, сурт хIоттор".

2003-чу шарахь дуьйна хууш дара Бендерский Эдуард а, Тихонов Александр а уллора ши доттагI вуйла.

Грозев Христо тешна ву, Хангошвили вер ФСБ-н тIегIанехь ду аьлла, ткъа иза вен тIедиллар Кремлера схьа хила тарло боху цо.

"ХIара гIуллакх теллинчул тIаьхьа оха тIе ца дуьту, Хангошвили вер криминалан гIуллакх ду, Кадыров Рамзана бина бекхам бу бохург. ХIунда аьлча, Кадыровн а, ФСБ-н спецназан а юкъаметтигаш къийсаме ю, дIоггара доттагIаллийн яц. Ишта бакъ хуьлийла дац, спецназхоша бина бекхам бу боху верси а. Цхьана оьрсийн структуран, мел чIогIа зIенаш церан хиларх, Балашихерчу а, Аверкиеверчу а къевлинчу полигонийн территори тIехь хила аьтто бер бацара. Керлачу "Соколов Вадим" аьллачу цIарца документаш а кечдина, массо а пачхьалкхийн реестрашкахь и цIе тIечIагIъян аьтто хилар-м дуьйцур а дацара. Цхьана доларчу организацин таро хир яцара стаг вийначул тIаьхьа лараш ца юьтуш, ишта цIано ян. Оцу доллучо а гойту, мел лахара а, ФСБ-н лакхарчу хьаькамийн гIоьнца а, доллачул хьалха, Кремлан санкцешца а кхочушдина зулам и хилар".

Стохка ГIуран-баттахь Германин канцлера Меркель Ангелас дехар дира Оьрсийчоьне, Хангошвили Зеламха верах мел йолу информаци шайга схьакхачае аьлла. ГIуллакх толлуш ю Германин Федералан прокуратура: цо тоьшалла до, немцойн талламчийн кхечу пачхьалкхан къайлахчу сервисех шеконаш хилар.

Оьрсийчоьнан Iедало а, ФСБ-но а шаьш гунахь дац боху зуламна. Ткъа Парижехь йоьдучу саммитехь Путин Владимира дIахьедира, Хангошвили "тIемало вара, шога, къиза, цIий Iенийна" ву, цо динчу цхьана зуламехь вийра 98 стаг аьлла.

Оьрсийчоьнан президенто билгал ца даьккхира, муьлха акци ю юьйцург. Ткъа Хангошвили вер криминалан къовсам бара аьллера Путина.

"Суна ца хаьа, цигахь цунна хилларг хIун ду. Бандитийн го бара иза, цигахь хIуъа а хила тарлора", - элира президенто, Оьрсийчоьно масийттазза Германига схьавехнера иза, амма цара жоп ца делира шайна аьлла, тIе а тухуш.

ТIаьхьо Германино бакъ ца дира оьрсийн лидеран дIахьедар, официалехь Москвано Берлине цу кепара дехар дина дац элира цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG