ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан полицино лехаме велла Соьлж-ГIалахь вайна Дербентера 3 вахархо


Соьлж-ГIала, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг
Соьлж-ГIала, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхалло лар йоцуш байна нах санна лохуш хилар дIакхайкхийна Дагестанера кхо вахархо, хаам бо ТАСС агенталло. Цкъачунна болчу хаамца, уьш мичахь бу хууш дац кху Чиллан-беттан 10-хь дуьйна, хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Даагестанерчу урхаллан зорбан сервисо.

"Гергарчара дийцарехь, уьш Соьлж-ГIалахь севцна меттигерчу цхьана хьешан цIийнехь. Оццу дийнахь уьш тIаьххьара зIене бевлла. Карарчу хенахь и нах мичахь бу хууш дац. Уьш лехаме белла", - хаам бина зорбан сервисо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Дагестанерчу урхаллан Instagram-чу официалан сайта тIехь.

Кхаарин дийнахь Baza Telegram-каналехь хаам гучубелира Соьлж-ГIалахь Дагестанера кхо вахархо - Алиев Ниллан а, Мустафаев Сеидайдин а, Аскеров Хьаьким а - карош вац аьлла. Болчу хаамца, уьш байна "Нохчийчоьнан дог" маьждиган хьалха цигаьрка узуш шаьш яьккхина видео цара зорбане яьккхинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG