ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь юхадаьккхина нохчочунна репост ярна тоьхна гIуда


Абдурахманов Мохьмад
Абдурахманов Мохьмад

Гераманерчу Баварин Лаккхарчу кхело юхабаьккхина лахарчу инстанцино Абдурахманов Мохьмадна гIуда тоха бина кхелан сацам, хаам бо Deutsche Welle зорбан гIирсо. Аугсбург гIаларчу кхело Нохчийчуьра мухIажир бехке винера "Исламан пачхьалкх" тобанна гIортор ярна. Стохка Марсхьокху-беттан 19-хь цунна 1350 евро барамехь гIуда туьйхира "Фейсбукехь" ши пост хIотторна.

Царах цхьаъ репост яра Deutsche Welle (Немцойн тулгIе) зорбан гIирсан оьрсийн маттахь йолчу "Исламан пачхьалкх" тобанна герз мичара долу бохучух дуьйцуш йолчу артиклан. Суьдхочо сацам бинера Абдурахмановс "Исламан пачхьалкхан" символика яржийна аьлла.

ШолгIа эпизод яра Израилан салтташа палестинахойн берана жIаьла тIехоьхух яьккхина йоццу 2 видеоролик. Facebook-о гойту царах хIора а хIара хаам а бой: "ХIокху видеохь берана я кхиазхочун ницкъ беш сцена хила мега. Оха дIа ца яьхна хIара материалаш Facebook-ра, цара бер кIелхьардаккха мегаш хиларна". Цу бухулахь комментарий ца йитинера Мохьмада. Ткъа Аугсбургерчу кхело жамI динера нохчо бехке ву адаман сий дойуш видеош яржорна аьлла.

Амма Баварин Лаккхарчу кхело бехказваьккхина нохчийн мухIажир оцу декъехь а, Аугсбургерчу кхело иза бехке ван бахьана дацара аьлла сацам а бина.

Абдурахманов Мохьмад ву вевзаш волчу нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон ваша. И шиъ политикан тховкIело лоьхуш ву Польшехь а, Германехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG