ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уггар а чамбоцу пост ю иза"


"Верхний Ларс" пост
"Верхний Ларс" пост

Цкъа а кхачор юй оьрсийн-гуьржийн дозанехь чакхармашкахь лаьтта раьгIнаш?

Дуккха а артиклаш зорбане яьхна, хIуммаъ кIезиг а ца дийцина дозанхойн "Верхний Ларс" олучу постах лаьцна. Кест-кеста информацийн хроникехь кхочу цунах лаьцна хаам, цкъацкъа федералан прессано тергоне оьцу и тема. Iаьнан хенахь а, бIаьстенан юьххьехь а ТIеман-Гуьржийн некъ даим а дIакъовлу Крестовый олучу дукъал дехьаволучу меттигехь лайш лаьтташ хиларна, хьаьтт чухахкаяларна кхоьруш а. Стигалкъекъа-беттан дезачу деношкахь а, аьхкенан беттанашкахь а Тбилиси а, хIордаца йолчу курорташка а йоллу Оьрсийчуьра бохучу санна, дIагIертачу туристаша яккхий раьгIнаш хIиттайо цига боьдучу некъаца.

Гуьйренца Гезгамашин а, ГIадужу а беттанашкахь тийналла лаьтта цигахь, дехьа-сехьа бовларца а дуьхьалонаш ца хуьлу. Лахьан-баттахь сезон дIайолало, дозанхойн шлагбаум супермаркетан неIарш ю а моьттуьйтуш.

Ткъа Къилба ХIирийчоьнан интернет-хьостанаша хаамаш баржабо "ТIеман-Гуьржийн некъ дIакъевлина бу массо а кепарчу машенашна", "Некъ къевлина бу яккхийчу машенашна", "Даим санна болх беш бу дозанхой некъа тIехь" бохуш, цIераш тохкуш.

Кир дIасакхоьхьу машенаш 10-15 дийнахь латтайо Iаьнан заманчохь. Машенашлелорхой-м дIабоьлла оцу хьолах. Бакъду, дозанхошца юкъаметтигаш ледара хьулу церан.

"Цкъа цхьанна а делла а дац ахча, я лур а дац"

Хьалхо редакци хаам кхачийра цхьана зудчо. "Верхний Ларс" постехь дозанхоша бечу балхана латкъам бора цо, хIоразза а оьрсийн-гуьржийн постех дехьаволург 100 доллар ахча доккху бохуш.

"Нагахь санна, ахь ахча ца лахь, машен схьайоккхий паркингехь дIахьоттайо, ткъа иза цигахь мел ю хIора дийнахь-бусий ахча доккху. Проблемаш карайо царна кехаташца а, хьочу мохьца а", - яздора цу зудчо.

"Кавказ.Реалиин" корреспондент вахара, дукъах дехьабовла раж ларъечу, Буьри гIалин йистерчу яккхий машенаш лаьттачу станци. Къамел дан а реза бара машенашлелорхой, жимма кхермца хаалуш белахь а.

Джумбер ву ша аьллачу, Гуьржийчуьрчу стага дозанхоша бечу балхана реза а воцуш дийцира, даим а дехьаволуьйтург ахчанаш кхийдо деза шайн бохуш.

"Цкъа мацца а со дехьа мел вийлинчу посташлахь уггар а чамбоцург ю "Верхний Ларс" олу пост. Даим а цхьацца проблемаш хуьлу-кх цигахь", - дийцина цо.

Изза латкъамаш бийр бу аьлла хеттера, дехьо машенца лаьттачу цуьнан махкахочо Гочас а, амма цо кхечу куьцехь дийцира: "ХIара машен ас лело 15 шо ду. Цкъа а цхьанна а делла а дац ас ахча, я лур а дац. Соьгара цкъа дехна а дац, я дала деза аьлла, къедамаш бина а бац".

"Ах Оьрсийчоь кхобурш тхо ду, ткъа кхара рагI ца ларйо"

Оьрсийчоьнан Къилбаседа-ХIирийчуьрчу дозанал а арахьа йоккхучу хIуманна тIера ял оьцучу организацехь дийцира, постехь даим болх беш кхерамзаллан белхахой бу, церан компетенцехь ду ахчанаш доху шайн коллегаш лецар. Делахь а, дIадахначу шарахь цхьа а коррупци лелийна меттиг хааелла яц.

"Верхний Ларс" олучу меттигехь ха деш чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан шен кхерамзалла Iалашъяран декъан белхахой а хуьлу. Церан декхар ду, коррупцица доьзна зуламаш ДПС-н белхахошка ца леладайтар. Царех цхьаммо, Кравцов Владимира (цуьнан дехарца цIе хийцина) дийцира, дукха хьолахь, дозанехула хьем ца беш чекхбийлархьама, кир дIасакхоьхьучу машенашкарчу наха кхаьънаш кхийдадо шайна аьлла.

"10-12 сахьашкахь рогIехь лаьттинчу туристийн нерваш кхачайо. Ткъа кIиранашкахь латта декхаре хуьлу яккхий машенаш йолу нах. Цундела цкъацкъа ДПС-н белхахочунна сом-ком кховдайой, рогIехь ца лаьтташ, постана тIекхача гIурту уьш. Некъ ларбеш лаьттачу хенахь, собар кхачадой латарш хуьлу, девнаш дуьйлу. Къаьсттина скандале бу Эрмалойчуьра машенлелорхой.

Ах Оьрсийчоь шаьш кхобуш ю, цIена хи а кхоьхьуш, юьртбахаман сурсаташ а, диканиг къаьркъа а латтош олу цара. Машенаш массерачул а цIена хуьлу церан. Ткъа уьш реза ца хуьлу, дукха хьолехь, шайн рогIе ца хьоьжуш, чекхбийла гIертачу Къилбаседа-ХIирийчуьрчу машенашлелорхошна", - боху Кравцовс.

Стохка Гезгамашин-баттахь "Верхний Ларс" олучу постехь хиллачу проблемаша декхаребира дозанхой "Рубеж-м" олу, машенаш узу автоматикан система юкъаяккха. Цо гучудаьккхира, автофураша хьош болу мохь магийначул а тIехсовхилар, цундела хIора низам дохийначунна административан боккхачу барамехь гIуда тухура. ХIетахь оцу керлачу низамашна кийча боцу машенашлелорхой, ца хIуттура постан территори тIе бовла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG