ГIалгIай а, нохчий а Сталина махкахбаьхна 76 шо кхачарца доьзна кадамбина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида. Амма иза цхьаъ бен вац Кавказерчу куьйгалхойх и тайпа гIулч яьккхинарг.
"Депортацин ирчачу 13 шера чохь беллачийн гергарчаьрга кадамбан лаьа суна. Кхарачой-Чергазийчуьра а баьхна нах махках – кхарачой. Цундела тхан махканна евза оцу бохаман къаьхьалла. Бухбоцчу доьналло, синош онда хиларо, даймахке безам бовха хиларо ницкъ белла адамашна дийна диса а, мотт, синбахам, гIиллакхаш Iалашдан а», - яздина Темрезовс шен Instagram-агIонехь.
Депортаци лайначаьрга кадам бина ца Iаш, Оьрсийчуьра божарий Турсхочун денца декъал а бина Кхарачой-Гергазийчоьнан куьйгалхочо.
Ткъа кхечу Кавказерчу мехкийн куьйгалхоша - Коков Казбека (ГIебарта-Балкхаройчоь), Битаров Вячеслава (Къилбаседа ХIирийчоь), Владимиров Владимира (Ставропол-мохк), Кумпилов Мурата (Адыгей), Васильев Владимира (Дагестан) – Турхочун денца декъалбина массо а Оьрсийчоьнан бахархой, ткъа дош а ца аьлла вайнехан депортацех лаьцна.
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Калиматов Махьмуд-Iелас а шайн-шайн мехкийн шахьаршкахь дIабаьхьина дагалецаман барамаш, иштта декъалбина цара Оьрсийчоьнан бахархой тIеман ницкъийн денца а.