Германерчу Гессен-кIоштан Фолькмарсене гIалахь машен тIетоьхна лазийначу нехан терахь кхаьчна 50-не. Бераш ду царех 18. Полицина тIе а тевжаш, и хаам биаржийна DPA агенталло.
Машен наханна тIетоьхначун цIе йовзийтаза ю цкъачунна. Хуушдерг ду иза Германин паспорт долуш стаг вуйла а, цуьнан 29 шо дуйла а. Иза лаьцна цо гIашлойн могIаршна тIе машен туххушехь. Ткъа кхеташ дац, стенна дина цо и зулам.Полици тешна ю тIелатар ларамца дина хиларх.
Католикаш шаьш шайна беза лоручу оршоьтадийнан бараме арабевллачохь иккхина инцидент. Полици а, лоьрийн машенаш а сихха яьхкина зулам динчу метте. Гуламхошлахь бераш алссам долучу метте хьажийра зуламхочо шен машен, чехка а яьккхира иза ша наханна тIетухуш, тоьшалла до бохам лайначара.
Хиллачуьнца доьзна, Гессен кIоштахь дIасовцийна йолаелла хилла карнавалаш, ца теша нах бохам кхин юхабогIур бац, кхерамзалла хIоттийна шаьш, полисхоша бахарх.
КIира а ца даьллера Германехь кхин цхьа ирча бохам хилла – Ханау гIалахь 11 стаг вер (оццу Гессен кIоштахь дара иза). «Дуьненан шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа дуьххьара хилла боккха бохам», аьлла Ханау гIалахь хиллачух немцоша.
Берлинна 400 километр юьстах лаьтта Фольксмарсен. 7 эзар гергга вахархо ву цигахь.