ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дицдан ца туьгу". Оьрсийчоьнан векалт - Немцов Борисан цIарахчу майданахь ю


Прагера Оьрсийчоьнан векалтан гIишло
Прагера Оьрсийчоьнан векалтан гIишло


Материалан авторш Вагнер Александра а, Митюхина Юлия а, "Свобода" Радио

Оьрсийчоьнан оппозицин политикан Немцов Борисан цIарах хир ю Прагера оьрсийн векалтна хьалхара майда, яздо "Свобода" Радионо. Чехин шахьаран кхеташоно тIеэцна ишта сацам. Хетарехь, Чиллан-беттан 27-чохь, Немцов вийна пхи шо кхочуш, майданара у хийца лерина бу.

ГIалин кхеташонан депутаташа динчу дIахьедарехь, майданна Немцовн цIе тилларца Прагас ша оьрсийн оппозицигахьа а, бакъонашIалашъяран боламашкахьа а хилар дIахоуьйту. Ишта, Прагин мэра Гржиба Зденека бахарехь, гергарчу хенахь церан Iалашонехь ду - оццу кIоштарчу аллейна, 2006-чу шарахь шен цIенна хьалха йийначу журналистан, бакъонашларъярхочун Политковская Аннин цIе тилла.

"Демократи латто гIертара Немцов а, Политковская а, цундела ямартлонца дийна ший а. Дагахь латто хьакъ бу и нах", - яздина Твиттерехь Гржибас.

Оьрсийн политик Немцов Борис вийна шо кхочуш хIоттийначу петицина тIаьххье сацамбира, Оьрсийчоьнан векалтна хьалхара урам Немцовн цIарах хилийта лаам кхоже баккха.

Деа шерачохь петицина бухахь куьйгаш яздира 4, 5 эзар стага. Цуьнан инициатор вара гIалин кхеташонан цхьахволу депутат, "Зеленые" партин декъашхо Кутилек Петр,

"Президенто Гавел Вацлава юкъадаьккхинчу ламастца а догIуш, кхузаманан Чехин истори демократин а, дуьненчохь адамийн бакъонаш Iалашъяран а идейшца йоьзна ю, - яздина петицехь. – И бохург ду - майрачу нахана тIехIотта доьналла хилар. Авторитаран а, демократи йоцчу куьйгалхошна а, церан режимна а дуьхьал къийсам латточарна тIетар. Шен са а ца кхоош, шен аьтто бохарна а ца кхоьруш, къийсамехь болчеран дог эцар. Тхуна, демократин пачхьалкхера хиларе терра, бицлойла дац уьш…".

Стохка Марсхьокху-баттахь кхи цхьа петици а арахийцира, майданан хьалхалера цIе хийцаза йита луучара язйина. Цхьа эзар ах эзар сов стага къобалйира иза.

"Тхан синтем байна, муха кхето гIерта Прагин мэри шайн сацамех, - яздо петицин авторша. – Майданан цIехийцарх кхаж тасале де хьалха бен хаийтина а дац, я кхетам боллуш бахархошна цунах лаьцна довзийтина а дац (бьйцурш бу Бубенеч кIоштахь бехарш). Оцу бахьанца гуш ду, 4 шерачохь йоллу пачхьалкхерчу 4, 5 эзар стага бен куьгъяздина йоцчу беламечу петицин бух тIехь цIе хуьйцуш хилар. Цул совнах, топографин комисси шозза а тIе ца тайнера оцу лаамна, амма цIеххьана церан ойла хийцаялар, оха шеконе дуьллу", - аьлла бу кехатан чулацам.

2018-чу шарахь Немцов Борисан цIе тиллина Вашингтонера урам
2018-чу шарахь Немцов Борисан цIе тиллина Вашингтонера урам

2017-чу шарахь йовзийтинчу хьалхарчу вердиктехь а, стохка, 2019-чу шарахь бинчу сацамехь а Прагин топографин комиссино хIинццалц Под каштанами аьллачу майданан цIе хийца шаьш дуьхал хиларх ишта кхетийра. Оцу меттиган вастаца йогIуш ю бIе шо гергга сов лелош йолу цIе аьлла, дIахьедира цара.

1925-чу шарахь тиллина цу майдана и цIе, хIунда аьлча, цигахь дуккха а каштанаш дара кхуьуш.

Оцу юкъанна дуьхьал ца хилира комисси Прагерчу кхечу юкъараллан меттигна Немцов Борисан цIе тиллийта. Карарчу беттан 7-чохь комиссино тIечIагIдира, Оьрсийчоьнан векалт тIехь йолчу майданан цIе хийцар.

Цигахь нехан хIусамаш яц, цIе хийцарца Бубенеч кIоштарчу бахархошна оьшур дац шайн документаш хийца аьлла, кхетийна комиссин декъашхоша.

Чехин журналист Соукуп Ондржей
Чехин журналист Соукуп Ондржей

Прагерчу журналисто Соукуп Ондржейс дуьйцу, муха тIеийцира Чехин бахархоша майданан цIе хийцар:

– Майданан цIе хийцар- жигархоша дехха къийсина, деа шарахь гергга дийцина хIума ду. Дуьненаюкъарчу кампанин цхьа дакъа дара и идей. ГIалин урхалхоша ехха дуьхьало латтийра, делахь а, эххар а аьтто белира меттигера депутаташ къарбан.

Кхин а техникан цхьа хаттар дара кхузахь, оцу майданахь вехаш ву аьлла, дIаязвина стагга а вац. Оьрсийчоьнан векалт йоцург, кхи гIишлош а яц цу тIехь. Цундела агIончийн аргумент яра - цхьаннан а паспорт хийца дезар дац аьлла. Цхьа ледара хIума хетахь а, политикашна коьрта дара иза. Нагахь санна, политикан гIуллакх бахьана долуш документаш хийца дезаш хиллехь, бахархой эргIаде хир бара.

- Чехин бахархошна хIун аьлла хета майданан цIе хийцарх? Ши петици ма ярий хьалхатеттина: гIалин кхеташонан цхьахволчу депутато язйинарг а, Бубенеч кIоштан бахархоша дуьхьалъяьккхинарг а. ЦIе хийцарна дуьхьал яра шолгIаниг. Кхи цхьа хаттам а бара зорбанехь бина, цигахь а агIончийн а, дуьхьалончийн а терахь цхьатерра дара ала мегар ду.

– Юкъаралле кхи дIоггара хаьттина хIума а дац. Суна хетарехь, дукхахберш дуьхьал хир бацара. Немцов Борисан цIе массанхьа а юьйцуш ю, амма олийла дац, массо а чехашна иза вевзаш вара, цуьнан биографех хууш дара. Карарчу хенахь Кремлан режимо шен оппонеташна хIуъа а дийр дуй хоуьйтуш символ хила тарло Немцов, - аьлла, дийцина Прагерчу журналисто Соукуп Ондржейс.

Оьрсийчоьнан дипмиссина гергарчу майданан цIе хийца Iалашонца гIалин кхеташонан депутаташа бина сацам емалбира хьалхо Чехин президенто Земан Милоша. "Хаа а хууш, политикан гIулч ю иза", - аьллера Земана депутаташа арадаьккхинчух.

  • Дуьненчуьрчу тайп-тайпанчу гIаланийн топонимикехь тIаьххьарчу шерашкахь йийцаяьккхина Немцов Борисан цIе. 2018-чу шарахь Чиллан-бутт бовш Вашингтонехь схьайиллира Немцов-плаза. 2018-чу шарахь Вильнюсехь оьрсийн векалтна уллохь схьайиллира Немцов Борисан сквер. Киеверчу оьрсийн векалтна хьалхарчу скверна а тиллира 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь Немцов Борисан цIе.
  • 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Кремлна гена доццучохь герз тоьхна вийра оппозицин политик Немцов Борис. Ярославан думан депутат вара иза цу хенахь. Иза вийна аьлла, бехкевина пхи стаг ву лаьцна, набахтехь хенаш токхуш. Ткъа иза вен хьажийнарг мила ву хIинца а къастанза дуьсуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG