ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маца гучуер ю Соьлж-ГIалахь Кадыров Ахьмадан цIарх кIошт?


ХIокху материалан автор ву Кавказ.Реалиин коррепондент Саидов Тимур

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлж-ГIаларчу кIоштийн цIерш хийца еза аьлла хьахийнарг кхетарца а, къобалдарца а тIеэцна Нохчийчохь.

"Соьлж-ГIалахь ю 4 кIошт «Октябрьский», «Старопромысловский», «Ленинский», «Заводской». Дукха хан ю йоцу, масала, Заводан кIоштана цIе елла махекдаьттан а, химин а гиганташ-заводаш. Нохчийчохь хиллачу тIемаша йохийна уьш. Яц шира мехкадаьттан пхьоьланаш (промыслаш). Ткъа революцин баьчча а, ЦIен Октябрь а дIабахана йицйинчу селхане. Хьалхо ас декхарелахь йира республикан куьйгалхочун а, Iедалан а администраци, Iилманчаш а, юкъараллин жигархой а юкъаозош, кIошташна керла цIерш тахкарна тIехь болх бан", - элира Кадыровс.

Цхьана кIоштан цIе тилла мегар дара элира Кадыровс, уггар вевзаш а, лоруш а волчу нохчочун Шайх Мансуран сий деш, бохуш вара Кадыров.

КIоштийн цIерш хуьйцуш масал санна хьехочерах шолгIаниг ю ШолгIа дуьненан тIом боьдуш гӀараваьллачу нохчочун Советан Союзан турпалхочун, 1945-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь (май) Эльба хин йистехь уггар хьалха бертахошца америкахошца цхьаьнакхеттачу полковникан Висаитов Мовладан цIе.

Цу шина цIарна дуьхьал болу нах дукха хир бу аьлла ца хета нохчашна юкъахь. Хаттар кхечунах доьзна ду. Иза доьзна ду Соьлж-ГIалан юккъерчу Ленинан кIоштана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тилла езар аьлла маца а, хьа а хьахор ду бохучух.

КIезиг хир бу шеко йолуш Соьлж-ГIалин кIоштийн цIерш хийца еза аьлла долийнарг Кадыровн сий деш цу гIалан юккъера кIошт цу стеган цIарах хилийта Iалашо йолуш дара бохучух.

Соьлж-ГIалара вахархо, муниципалан белхахо А. Ризван тешна ву, Шайх Мансуран цIе харжар нийса дара бохучух. Иза схьаваьлла тахана Соьлж-ГIалана дакъа долчу Алдара. Висаитовс дешна хилла Нохчийчоьнан коьртачу гIалан кооперативан техникумехь. Цу бахьанца нийса хир дара аьлла хета Ризванна, кхин йолчу кIоштийн цIерш а Соьлж-ГIалин историца боьзначу нехан сий деш техкича.

Делахь а, цхьаболчу наха сагатдо кIоштийн цIерш техкинарш заманашкахь дуьйна схьа вайн къомо лору нах хир буй те бохуш, Iедалхойн а, халкъан а турпалхой бу бохучу нахах йолу ойла цхьаьнайогIуш ца хиларна.

Царах ву Соьлж-ГIаларчу цхьана кIоштан администрацера белхахо Л.У. "ГIалан кIоштийн цӀерш хийцар дукха хенахь дуьйна дан деза хIума дара, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьахийначерах массо а къобал еш яц дукхаха болчу нохчаша. Иштта, масала, Соьлж-ГIалан 35-гIа а, 56-гIа а ши дакъа цхьаьнатоьхна цIе тиллина волу Чермоев Орцу хьахийча ассоциаци кхоллало Кадыровца: иштта бакъ тешамца гӀуллакх дина цо Оьрсийчоьнна, цу кеппара къизаллица, 2000-гIа шераш дуьйладелчхьана ша Кадыровс иза деш ма хиллара.

Цуьнца цхьаьна Нохч-ГIалгIайн Республикан (ЧРИ) Лаккхарчу Кхеташонан сацамца тиллина йолу, шеко а йоцуш, Нохчийчоьнан а, ткъа иштта ерриг Кавказан а исторехь турпалхочун Шайх Мансуран цIе юха ца ерзийра цхьаъ бен Нохчийчохь йоцчу аэропортана", - бохуш вара иза.

Германерчу нохчийн диаспоран векалш Сидашев Салахь а, Агиев Ризван а саготта бу, "турпалхой" бу боху нах дукхах болчу нохчашна хетарш ца хила мегаш хиларна. Дагадоуьтуш аьлча, таханлерчу Нохчийн Республикан куьйгалхочун ден а, цуьнан юххерчу нехан а сий деш цIерш техкина урамашна а, аллейшна а, маьждигашна а, тIешна а, паркашна а, иштта кхин дIа а, яздо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG