Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Шелковскехь а, Новр-ГIалахь а меттигерчу ницкъхоша лаххара а 9 жимастаг лаьцна хилла, цара нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон видеона буха лайкаш хIитторна. Ишта хаам кхаьчна «Кавказ.Реалиин» редакце махкарчу хьасташкара.
Новр-ГIалахь стагга а вац оцу дийнахь лаьцна, бац шегахь таханенна лецна латтош нах, жоп делира Невран кIоштан полицино "Кавказ.Реалиина".
Шелковскерчу полицино жоп ца делира шега тоьхначу телефонна, ткъа мехкан полицин министраллерчу пресс-гIоьнчаллерчу белхахочо хадийра зIе, шеца къамелдийриг «Маршо Радио» юйла ма-хиъина. Схьа ца ийцира телефон кхин.
Лецначу кегийрхойн гергарнаш аьттехьа а реза ца хилла шайн бераш дIалецарх дерг хьахон – кхоьру уьш шайн къамел шайна зуламе дерзарх.
Маршо Радионо дуккхаза а дийцина ницкъхоша Нохчийчоьнан бахархошна тIехь, цара цхьацца дозанал арахьарчу нохчийн оппозиционерийн хаамашна лайкаш хIитторца доьзна, ечу репрессех лаьцна. Масала, тIаьххьарчу хиламех бу хIара: байначу беттан 24-чу дийнахь 25 стаг лецира Куьрчалан кIоштахь а, Шелахь а, Гаьрмачигахь а Кадыров Рамзанна йина коллаж яржорна – мозIгаран духарахь гойтуш вара цу тIехь мехкан администратор.
Нохчийчохь полицино махкарчу Iедалан критик Абдурахманов Тумсо бахьанехь кегийрхой лоьцучу юкъанна Европехь ша Тумсо вен а гIоьртина цкъачунна билггал мила ву къастанза долу жима стаг.
Европехь вехачу блогера Абдурахмановс гайтира селхана шена тIелеттарг, дийцира хиллачух лаьцна, зуламхочуьнга хеттарш а деш. Иза вехачу петара кхача аьтто баьлла жимчу стеган, жIов тоьхна цIийнда вен гIоьртина, амма ца данделла иза.