ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массанхьачул а кIезиг духку маларш Нохчийчуьрчу туьканаша


Сахалин, Коми, Магадан - легалехь уггаре дукха маларш духку мехкаш бу, боху федералан а, регионийн а йохк-эцарш толлучу центро (ЦИФРРА), ша бинчу талламан жамI довзуьйтуш. Оцу маьIнехь Оьрсийчохь маларшца лаьтта сурт довзуьйту цхьамогIа хаамийн гIирсаша.

Сахалинехь, Колымахь, Коми-махкахь, масала, 10,5 литр а, цул совъоьккхуш а доьхкина 2019-чу шарахь юккъерчу барамехь цхьана стагана малар. Москвахь доьхкина 9, 7 литр.

Массанхьачул кIезиг ду шарахь Нохчийчуьрчу туьканаша доьхкина малар – 0,09 л. (90 миллилитр). ШолгIачу меттехь ю кIезиг къаьркъанаш, чагIарш махкахь дохкарца ГIалгIайчоь. ХIирийчохь юккъерчу барамехь цхьана вахархочунна шарахь доьхкина ах литр малар, Дагестанехь – цул кIеззиг сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG