ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн сенаторна совгIат хIунда делла Путина?


Геремеев Сулейман
Геремеев Сулейман

ХIокху материалан автор ву Кавказ.Реалиин корреспондент Саидов Тимур

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира «Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна» орденан мидал (медаль ордена "За заслуги перед Отечеством" II степени) елла Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонехь сенатор волчу Геремеев Сулейманна. Билгалдоккхуш ду и совгIат цунна делла хилар "парламентаризм кхиош а, низамаш дохуш а мехала хазна дилларна". Амма 11-тта шарахь сенаторан кIедачу гIаьнта хиъна Iаш Геремеевс йийцаре ян кховдийнарг яра ерриг а 7 низаман проект. Царах цхьа а тIе ца ийцира.

Медал елла аьлла хаам кхаьчна вевзаш волу оппозиционер Немцов Борис вийна нисса 5 шо кхачарца. Цунна герз диттира Чиллан-беттан 27-хь 2015-чу шарахь Москвахь Кремлан уллерчу Большой Москворецкий цIе лелочу тIайна тIехь.

Геремеев Сулейман гергара стаг ву "Север" батальонан командир хиллачу Геремеев Русланан. 2015-чу шарахь Геремеев Руслан лехаме велира Немцов Борис вер вовшатоьхнарг иза хила мега аьлла шеко йолуш.

И зулам дарна, 20 шо хан а тоьхна, чувоьллина волчу Дадаев Зауран командир вара Геремеев. Делахь а, талламхойн хIинца аьтто ца баьлла Геремеев Руслан схьакаро а, иза леван а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIдора, Геремеев Руслан "хила ма везза къонах а, эскархо а ву бохуш. "Эзар процентана тешна ву со иза бехке вац бохучух. Вайна массерна а хаьа бехке мила ву а, хIун а, муха а ду а. Шун лаам бу-кх Кадыровна тIекхача", - бохуш вара иза.

Соьлж-ГIалахь болх бечу возуш воцчу бакъонашларъярхочо дийцарехь (цуьнан цIе ца йоккху редакцино цуьнан кхерамазалла ларйеш), Немцов вийна 5 шо кхочуш Геремеев Русланан гергарчу стагана совгIат дар ларамаза нисделла хуьлийла дац. "Адамаша иза туьду вийначу оппозицин политикан гергарнаш варе бар санна", - билгалдаьккхира цо.

Геремеев Сулейманан биографи

Нохчийчоьнан сенаторна совгIат дарца йоьзначу исторехь цхьацца хIуманаш ду цхьаболчу зорбан гIирсийн хаттарш кхуллуш долу. Масала, Геремеев Сулейманан цIе яра 2006-чу шарахь Соьлж-ГIалан мэр хилла Гантамиров Беслан вен Москва баьхкинчу нохчийн цIерш тIехь йолчу тептарехь. И тептар Гантамировс шен куьйга дIаделлера "Новая газете".

2009-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Геремеев Сулейман теш санна тIекхайкхинера Талламан комитете, Кадыровн мостагI Ямадаев Руслан вер толлуш.

ТIаьхьо 2009-чу шарахь Оьрсийчоьнан Федерацин Федералан гуламан лакхарчу чоьнан декъашхо хIотторо елира Геремеевна иза жоьпе озо ца магош йолу корта-мукъалла.

ГеремеевгIеран клан

ГеремеевгIара дакъа ду Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан Нохчийчоьнан цIарх депутат волчу Делимханов Адаман доьзалан кланан. Уьш шичой бу наношкахула.

ГеремеевгIеран кланах билгаваккха мегар ду маситта стаг:

  • Геремеев Ваха – Делимханов Адаман тешаме стаг, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча. ГеремеевгIеран доьзалехь хьалхара лору стаг;
  • Геремeев Сулейман – Нохчийчоьнан цIарх Федерацин Кхеташонан декъашхо;
  • Геремеев Вахита – Нохчийчоьнан гIишлошъяран министран гIовс, сенаторан ваша;
  • Геремеева Хеди – Нохчийчуьра Шелковски кIоштан администрацехь белхан а, социалан кхиаран а декъан хьаькам;
  • Геремеев Лом-Iела – Нохчийчуьрчу низамаш лардон органийн белхахо;
  • Геремеев Рустам – чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Шелковски кIоштан декъан хьаькам, полицин подполковник, Геремеев Русланан ваша;
  • Геремеев Iийса – чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан талламан декъан белхахо;
  • Геремеев Руслан – "Север" батальонан командиран хилла гIовс, зорбан гIирсаша хьехош ву Немцов Борис вер хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхан фигурант санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG