ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Мах охьабиллича атта ду». Зударшкара ахчанаш дохуш лелачех кхин цхьаъ а лаьцна ГIалгIайчохь


Пейсахова Анна

32 шо долу стаг лаьцна Карабулакехь, цо меттигерчу яхархочуьнгара, ша иза оьздангаллах йоьхна лелаш яьккхина видео яржор ю, ахча ца лахь, бохуш, хьийзорна.

Бехкевечунна дуьхьал гIуллакх айдина (Бехктакхаман кодекс, 163.1). Хан тоха тарло набахтехь такха 4 шаре кхаччалц.

Оцу стага санна, зударшна дуьхьал бозбуанчаллаш лелорна хьалхо лийцира ГIалгIайчуьрчу Эккаж-Къоьнгийн Юьртара вежарий АльтемировгIар, Хьасан а, Iиса а. Нехан цIентIера зударий шайца эвхьаза а бохий, оцу хьолехь видео а язйой, иза нахала цайоккхург цаьргара ахчанаш дохуш лелла уьш.

Кхеле кхачийна АльтемировгIарех воккхахниг - Хьасан. 2012-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц ша шантаж лелон юьхьарлаьцначу зудчуьнгара цо даьккхина 800 эзар сом.

Цунна 4 шо хан тоьхна набахтехь яккха. Ткъа цуьнан ваша, Iиса, ведда, полисхойн карара велира ша лоцучу муьрехь, амма велла бутт хьалха, ша схьакарийначу Iедалх вада воьлла, Несарахь, тIекIелдинчу цIийнан корах чу а иккхина.

“ Ала дац, хIинца оха лаьцнарг АльтемировгIаьрца цхьаьна хилла, цIе ца йовзуьйту оха цуьнан цкъачунна», - жоп делира шега “Кавказ.Реалиино” деллачу хаттарна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало.

Мехкан полици а, прокуратура а толлуш ю Альтемиров Iиса лоцуш полисхоша яьккхина видео хьан, муха яржийна социалан машанашкахула. Стаг лоцуш яьккхинчу видео чохь нисъелла хилла Могушкова Лиза, цо шайн доьзал юьхьIаьржа хIоттийна аьлла, йийна цуьнан вашас Мохьмад-Бешара, цул тIаьхьа ша каравахана иза полицина.

Юьйцу видео яржорна бехкевина полицера цхьа белхахо, иза даржах а воккхуш, лаьцна Iедало. Таллам бу боьдуш.

Цхьана даггара бу олийла дац ГIалгIайчуьра бакъоларъярхой оцу могIарара зуламаш тидарца.

«Полисхо бехке ву видео яржорна. Мегаш дац и тайпа сурт нахала даккха. Амма ца хаьа, лармза дина цо иза я леррина дина…», - боху ша вовзийта цалуучу юкъархочо.

“Прессехь сел боккха тидам тIеберзор а дац нийса. Кхерам тIехIутту шантажна кIел нисбеллачарна. «Доьзалан сий лардо» бохуш, адам дер дац динца догIуш. Хилларг муха ду хIинца? Шайн йийначу йоIана а боьлху доьзал, набахте кхочунволчунна а боьлху, дакъаза баьлла-кх церан кхерч», - элира кхечу тергамчас.

Политикан Iилманийн кандидата, Кавказерчу зударшкарчу хьолан тергамчас, книгийн автора Сираждинова Саидас бахарехь, регионехь даьржина зулам ду, зударий Iеха а беш, церан суьрташ дахар а, уьш даржор ду бохуш, ахчанаш дахар а. Дукха хьолехь зударий ницкъаша, дастам а бой, доху суьрташ, гIело а еш даьхначу царех пайдаоьцу зуламхоша, дуьйцу Iилманчас.

Сираждиновас дийцарехь, мел ша бехке ца хилча а, зуда ца хIутту шена дина зулам Iорадаккха, ца теша тарло цунах цуьнан гергарнаш, ткъа «сий цIандеш» дан мега кхин а эшнарг – вашас я шичас ер-яккхар. Оцу балане цаэгархьама, зударшна атта хуьлу ахча а делла, шантажист дIасацийча, боху Сираждиновас.

Цоунна гарехь, «эрна ду шантажисташ тергал ца бан гIертар, цара атта дIа ца хоьцу, шайн кхетамехь цара къахьегна, ахча даккхархьама».

Политологна хетарехь, шена гонах и тайпа зулам хьаьвзина зуда дагаяла еза бакъоларъярхошца, юристашца, психологашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG