Историко Тахнаева Патимата книга язйина Кавказан тIеман турпалхочух имам Шемилан наибах Хунзахера Хьаьж-Мурдах.
"Со ца тийшира Толстойн Левн "Хьаьж-Мурдах". Иза неха стаг ву, вайца, суьйлийшца цхьа юкъаметтигаш йоцу", - дийцира историка ша книга язъяран бахьанаш дуьйцуш.
Тахнаевас дийцарехь, цунна эхь хеттера цу дийцаран ши сцена бахьана долуш. Масала, Лорис-Меликовга дуьйцу Хьаьж-Мурда ша кхеравелира бохуш, имам Гамзатан хIусамехь суьйлин хан йолчу зудчун кIенташна етташ.
"Жима бер долуш дуьйна ца хIоттара со теша, ламанхо лечкъина Iийр ву бохучух, шен нанас бакхийначу шен вежаршна етташ а йолуш " – дуьйцу Тахнаевас.
Иштта Толстойн Хьаьж-Мурда дагалоьцу шен нанас шена лекхна аганан илли. Турпалхочун дас дехар до шен хIусамнене ханан рогIера кIант кхобург хилахьара олий, амма иза реза ца хуьлу из дан. ТIаккха оьгIазваханчу майрчо шен зудчунна некха тIе шаьлта туху.
Ткъа Хьаьж-Мурда ша воккха хилча сих-сиха доьхуш хуьлу шен нене, шаьлта тоьхна му гайтахьара бохуш. Цунах а ца теша историк.
Тахнаевас дийцарехь, 4 шарахь болх бина цо шен книги тIехь. ХIинца а цхьадолчу дакъошна тIехь кхин а болх бийр бара ша боху цо. Книгехь дуьйцуш долу Кавказан тIом хилла 50 шо чолхе хан хилла, билгалдоккху автро.
Масала, тайп-тайпанчу историкша Хьаьж-Мурдах лаьцна дуьйцу иза талорхо хилла, тIелетарш деш лелаш хилла бохуш. Делахь а, цхьа а тIелатар ца дина цо, имамато бакъо а ца луш.
Даима а хьехош долу хаттар ду: ямарло йиний Хьаьж-Мурда Шемилна, оьрсашкахьа а ваьлла? Шеко йоццуш дала жоп дац, боху историко.
"ХIоран а шен кхетам бу ямартхо мила ву бохучун. Масала, ас сайн книга дIаерзийна Дагестанан имам хиллачу Гоцинский Нажмудис иза шахIид а, исламан лом а хилла, бохуш цунах воккхавеш яздинчу дешнашца. Имаматан бахархоша цу хенахь иза зуламхо лоруш хилла. Иза бусалба динна ямарт хилла аьлла хеташ хилла а тарло царна", - бохуш дуьйцу Тахнаевас.
Наибах лаьцначу книгин автор тешна ю, Хьаьж-Мурд оьрсашкахьа вала дагахь ца хилла, амма иза дан дезна цуьнан бохуш. Иза бу цуьнан боккха бохам, иза закъалтхо хилла шен кхолламан, кхето гIерта историк.
Тахнаевас шена Хьаьж-Мурд ямартхо ца хета боху. Мелхо а, иза Кавказан тIеман символ хила мегаш ву, чIагIдо цо.