Урс даьккхина, Москвахь волавелла лела Нохчийчуьра вахархо Юсупов Зеламха лазийна полисхоша. Дарбан цIийнехь ву зуламхо, иза бехкевеш ву, ницкъахошна тIелатар дан гIортарна.
Москварчу Бутлерован урамехь урс а даьккхина, харцахьа лелачу 27 шо долчу Юсуповх бIаьргкхеттера меттигерчу бахархойн. Цара кхайкхина баьхкинчу полицхоша урс охьадилла аьлча, "АллахIу Акбар" аьлла, мохь а тоьхна, цхьахволчунна чухахкавеллера жимстаг. Ницкъахоша логах а, когах а герз тоьхна, чевнаш йина Юсупов лазартне кхачийна яздо "Дош" журнало. Шайн хаамца цхьана видео а Iораяьккхина журнало, полисхочо дIаязйина.
Карарчу беттан 2-чохь хилла ю ша инцидент, хамбина ишта Москварчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша а.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?