ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалин мэран харжамашка ши кандидат витина


Соьлжа-гIалин мэран дарже кандидаташ хьалхатеттина гIалин Думано. Конкурсан низамашца а догIуш, ши кандидат билгалваьккхина – Хаджимурадов Iийса а, Асаков Мухьумд-Хьасан а. "Кандидатурийн бух теллинчул тIаьхьа динчу жамIашца, конкурсан комиссино дIакхайкхийна, говзаллин барам лаккхара болуш хиларх ший а кандидат. Соьлжа-гIалин мэран харжамашкахь дакъалаца ший а хьакъхилар тIечIагIдина куьйгаш айбинчара а", - аьлла, хаамбина шахьаран Мэрехь.

Карарчу хенахь Соьлжа-гIалин мэран деккхарш ханна кхочушдеш ву Хаджимурадов Iийса. 2019-чу шарахь дуьйна мэран хьалхара гIовс вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG