ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара мухIажирш чубита аьлла, акци бевллера Гамбурган бахархой


Шоьтадийнахь Гамбургехь акци дIаяьхьна меттигерчу бахархоша, Туркойчоьнан а, Грецин а дозанерчу мухIажиршна тIехIуттуш. Акци вовшахтоьхначу дуьненаюкъарчу Seebrücke боламан декъашхой тешна бу, кху деношкахь туркойн-желтойн доза а хадийна, Европе кхача гIерта мигранташ Евроберто а, Германин а, Гамбурган Iедалхоша а тIелоцур бу аьлла, яздо Deutsche Welle хьостано.

Seebrücke боламан векалшна хетарехь, Гамбургехь дуккха а паргIат меттигаш бу, Шемахь шайн тховкIелонех бевлла нах дIатарбан.

Гамбурган полицин зерашца, 3900 демонстрантхо хилла цу дийнахь араваьлла. Ткъа акци вовшахтоьхначара дIахьедина, верриг а 5 эзар хир вара аьлла.

Туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа байначу беттан 29-чохь элира, Шемара кхелхина богIучу нахана Европе кхача дозанаш шаьш схьадиллина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG