ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкадаьттан мехаш охьадовлуш ду


Лондонерчу биржехь Brent тайпана мехкадаьттан мах охьабаьлла 42,6 процентана. Оршотан Iуьйранна цуьнан цхьана черманах лора 31,74$.

Кхин а лахара бу WTI олучу мехкадаьттан мах. Цуьнан цхьана черманах ца ло 27,72$ а бен. WTI дайделла 48,9 процентана.

Bloomberg агенталло бинчу хаамца, мехкадаьттан тIом болийна СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхо, ОПЕК+ олучу мехкадаьтта духку пачхьалкхаш юкъайогIучу вовшахтохараллан кхеташо барт ца хуьлуш дIайирзинчул тIаьхьа. СаIудийн пачхьалкха шен мехкадаьттан мехаш охьадаьхна, мелла а алсам иза дохкар Iалашонца.

XS
SM
MD
LG