ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италехь къепедацарш хилла набахташкахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Италехь маситта набахтехь бунт эккхийтина чубоьхкинчу наха. Бахьана ду коронавирусан ун даржарна Iедалша царна цхьана ханна дихкина хилар гергарчаьрца цхьаьнакхетар.

Цхьана набахтехь закъалтана нах лецна хилла. Уьш маьрша баьхна леррина полицин операци а йина. Кхечу набахташкахь ягийна мебель, бохийна цхьацца гIирс.

Цхьаболчу хаамашца, тутмакхийн тасадаларш хилла полицица. Иттанаш чубоьхкина нах бевдда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG