ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цо коьртахь йовлакх а ца леладора, соьга ла а ца дугIура"


Материал язйинарг "Настоящее Время" проектан автор Татьяна Ярмощук

Къилбаседа Кавказехь гергарчара "сий лардо" бохуш, зударий бойуш лаьттачу хьолан терго латтайо бакъонашларъярхоша. Садукъдой, я дигца, я урсаца, я герзаца, я дIавш маладой хIаллакбо цигахь зударий. Билггал хууш дац, маса зуда йийна, хIунда аьлча, дуккхаъчу меттигашкахь аьтто болу зулам къайладахьа.

"Вешан цIийнан юьхь ларъян еза вай. ЦIе бехъян атта ду. Вайна гуттар а дагахь ма ду и. Массо а тайпанех лаьцна хууш ду, муьлха цIена, я боьха ду хаьа. Ала дош долчу тукхумах зуда хьан ялийна а хаьа. Цалоручех дIатуху, шайн зударий мух-мухха а лелуьйту тайпанаш", - аьлла ГIалгIайчуьрчу цхьана Iеламчас. "Правовая инициатива" фондо далийна цуьнан дешнаш, Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" бойучу зударех арахецначу шайн рапортехь.

Шайна тIе эхь деъна олий, доьзалара, я цIийнах болчу божарша зуда йийча - "сий лардеш зуда ер" лору. Бакъонашларъяран Human Rights Watch организацино ишта билгалдаьккхина и зулам.

Делахь а, зуда ен бахьанаш дуккха а хила тарло Кавказехь: маре яха дуьхьалъялар, марехь йоллушехь кхечу стагца уьйр тасар, майрчух дIакъаста лаам хилар, шега бохучуьнга ла ца догIар.

Дукха хьолахь, билггал бакъ ду я дац а ца хьовсуш, зуда юьйш меттиг нисло. Бакъонашларъярхоша яздо, цкъацкъа оцу "ламастех" пайда а оьцуш, божарша зуламаш леладо зударшна дуьхьал.

"Зуда кочара яккхархьама а йоь, я дас, я девешо лела а йой, оьзда лелаш яцара иза олий, йийна хилар гучудолу боху Генрих Беллян Фондан "Гендерная демократия" программан координаторо Костерина Иринас.

Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН) зерашца, дуьненчохь хIора шарахь "сий лардархьама" олий, 5 эзар зуда ю юьйш. (И терахь тIех лакхара ду аьлла хета бакъонашларъярхошна. Дукхахйолчу меттигашкахь, ша шена тоьхна елла, я тIепаза яйна олий, дерзон гIерта). Зударий алсам бойуш хиларца билгалъевлла Пакистан а, Афганистан а, ГIажарийчоь а.

Бакъду, "сий лардеш" зударий хIаллакбо Оьрсийчоьнан регионашкахь а: Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а.

ХIокху артиклехь оха пайдаоьцур бу дуьненаюкъахь "сий лардеш зуда ер" (honor killings) аьллачу терминех. Ткъа Къилбаседа Кавказехь "шена тӀера юьхьӀаьржо дӀаяккхар", "тIедеана эхь дайар" олу.

ГIалгIайчоь: "эхь тIерадаьккхина"


Кху шарахь Магасехь Чиллан-баттахь йоккха гIовгIа иккхира, 33 шо долу Евлоева Лиза 37 шо долчу цуьнан вашас Могушков Магомедбашира урс диттина йийча. "Шайна тIе деана эхь дойуш" вара ша аьлла, дIахьедина, полицина тIеваханера иза ша. Цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина.

Марехь болу зударий маьттаза лелаш видео а йоккхий, уьш нахала цабохург ахчанаш дохуш хиллачу тобана юкъара Аьтемиров Iийса лоцучу заманчохь видео тIехь нисъеллера и зуда. Петарчохь полисхоша операци дIахьочу хенахь, Альтемиров воцург а, кхин а цхьа стаг а, ши зуда а хиллера. Шиннах цхьаъ яра Евлоева Лиза. ШолгIачу дийнахь социалан машанашкахь яьржира и видео, гергарчарна евзинера цу видео тIехь Евлоева.

Оператвиан съемка яржорна, шеконе эцна полисхо а дIалецира. Талламан комиетето бехкзуламан гIуллакх даьккхина цуннна дуьхьал, "шегарчу даржах пайда а оьцуш, нехан дахарна юкъагIортарна" аьллачу артиклехь. Низамашкахь 4 шо гергга хан кхачайо цунна набахтехь яккха.


Дагестан: маре яха дуьхьалъяьллера иза

Кху шеран Дечкен-баттахь Дагестанерчу кхело набахтехь даккха 9, 5 шо а хан туьйхира меттигерчу вахархочунна Махмудов СаIдуллина, шен йиша йийна аьлла. Зуда ерна а, бахьана а доцуш, тIевола аьллачул тIаьхьа баттахь хьеваларна а, шозза бехк кховдийра цуьнга.

Талламчийн версица, стохка Дечкен-баттахь Ростовра тIеман гIуллакх дечуьра хьажа-хIотта цIа веанера иза. Ткъа оццу шеран Стигалкъекъа-баттахь урс диттина, йиша йийра цо. Шега "ла ца дугIуш" Махачкала дIаяханера иза, маре яха а дуьхьал яра аьлла, дийцинера Махмудовс кхелехь.

Нохчийчоь: "ша а, шен гергара нах а юьхьIаьржа ца хIиттабайтархьама, дIаяьккхира иза"


Нохчийчохь тIаьххьара дуьйцучех ду 38 шо долу Даурбекова Зарема, "харцахьа лелара" аьлла, дас ер. Марера цIаеана яра Зарема. Хазаллин салонехь болх а беш, шен деца а, ненаца а, 10 шо долчу кIантаца а Iаш яра иза. 2013-чу шеран гурахь иза яйча, нанас полицига орца дехнера.

Заремин кхолламах лаьцна хууш хIуммаъ дацара, 2014чу шарахь цуьнан да, Даурбеков Султан, айкхвала Iедална тIеваллалц. Къух даьллачу меттиге дIайигина, шен йоIера бехкбаккха, иза кхетон гIоьртира ша, "эхь-бехк дайна леларна", амма шена дуьхьала лийра иза, тIаккха кисанара чуха схьаэцна, цуьнан садукъийра ша аьлла, дийцинера Даурбековс.
Йийначу йоьIан дакъа ор чу а кхоьсина, нехашца дIахьулдина хиллера дас.

Кхел йоьдучу заманчохь, тешаша дуьйцура Заремин "маьттаза леларх": "коьртахь йовлакх ца леладора", "божаршкара совгIаташ оьцура", "йий а цхьана моьлура" бохуш.
"Нагахь санна, зудчо йий моьлуш хилча, шен гIиллакхаш цо цаларар а, шен къомах а, динах а дIахадар а ду",- аьлла, дIахьедира бехкевечун адвокато Тимишев Илеса.

Тимишевн позицино оьгIазбахийтинера цуьнан оппоненташ а, тергамчаш а. "Даурбековс дахарх ца хадийна шен йоI, цо иза йийна яц. Дахарна юкъара яьккхина цо иза, хIунда аьлча, ша а, шен да а, гергарнаш а юьхьIаьржа ца хIиттабайтархьама. Ишта нийса хир ду", - аьллера адвокато.

Нохчашна хийра долчу низамашца кхел еш ю цунна тIехь бохуш, чIагIдора Тимишевс. Адвокатан версица, Зарема юьйчу заманчохь ша хIун леладо хууш ца хилла Даурбеков. Бакъду, эксперташа тоьшалла ца дира цунна. 2015-чу шарахь Старопромыслан кIоштарчу кхело бехкехилар тIе а чIагIдеш, набахтехь даккха 7 шо хан кхайкхийра Даурбеков Султанна.

Наггахь бен нахала ца долучу гIуллакхех ду Даурбековн гIуллакх. Дукха хьолахь лараш яйа аьтто хуьлу. Я ша шена тоьхна цо олий, я шен Iожаллех елла олий, (бусулбачийн Iадатехь дац дакъа этIош), я тIепаза яйна олий, даржадо.

"ХIокху юкъараллера зударий - дийна боллушехь декъий ду"

Ишта нисделира ГIалгIайчуьрчу Изабеллица а - вежарша йийра иза.
"Иза маре яхана ши де даьллачу хенахь хилира и зулам. Суна дагадогIу, гергарчаьрца телефонехула къамел деш яра сан нана, цара дийцинера цуьнга, Изабелла йийна аьлла. Вежарша йийнера иза: шен нанас дена винчу вашас а, девешин кIанта а. Тапча тоьхна ен а йийна, хьуьнхахь лаьттах йоьллина хиллера. Цхьанна а ца хаьа, иза Iуьллуш йолу меттиг",- дийцира Мадинас, йоI йер дагалоьцуш.

"ЙоIстаг яцара" аьлла, бехкбиллина хиллера Изабеллина. "Лоьрашна тIе а ца йигинера иза, цхьа а тоьшаллаш дацара. Марзхоша цIа кхетийначул тIаьхьа, йийра иза. Цул тIаьхьа суна хезна дац цхьаммо а хIумма а олуш. Гергарчех цхьана стага бага ца гIатийра, ишта хила дезаш санна, шаьш нийса дича санна Iара.

Мадинас дагалоьцу, Изабелла йийна ши шо даьллачу хенахь, ша церан хIусаме кхачарх. "Изабеллин нана яра кухни чохь цхьана стагца чай моьлуш, хиъна Iаш. И стаг мелла хиларна жимма реза йоцуш яра, нана, амма вуьшта, цхьа доьзалехь хила ма дезза сурт дар-кх. Шен воккхаволу кIант ву хIара аьлла, вовзийтира суна иза. Со кхийтира, Изабелла йийнарг хиллера иза. ТIаккха ца тешара со: хьайн йоI йийначу стагца цхьана чай муха мер ду ахь?"

Ша цIа еача, нене хаьттинера Мадинас, цо а тIечIагIдинера, Изабелла йийнарг иза хилар. "Ас боху: "Цо стаг вийна, иза маьрша ву, ткъа хIара цуьнца чай моьлуш ю". Нана ца кхетара сох, со хIун ала гIерта. "Цуьнан кIант ма ву иза" элира соьга нанас. ТIаккха кхийтира со доллучух а. "Нагахь санна, хьан кIанта, сан вашас, со йийнехь, ишта цуьнца чай моьлуш хьо а Iийр яра" аьлла, хаттар дира ас нене. ТIаккха кхийтира со, тхайгарчу хьолех а, дийна доллушехь - тхо декъий дуйла а. Мичча хенахь а, вашас, дас, шичас дайа тарло тхо, цхьаммо а бага а гIаттор яц".

Цхьанна а таIзар ца дира, цхьа а жоьпе ца озийра Изабелла йерна. Дас, нанас Iедале кехат чуделира, шайн йоI яйна аьлла, цу тIехь дерриг а дерзийтира.

"Тхан хьаннаш - зударийн кешнаш ду"

Ишта талланза диссира ГIалгIайчуьра нана а, йоI а: Мариам а, Амина а йер. "Мариам цIийндеца къаьстина яра. Дехошца хьалакхиира цуьнан кIант. Нана а, йиша шаьшинна Iаш яра. Гергарчара иркархIиттавора кIант, хьан нана сий дойуш лелаш ю, иза йен еза ахь бохуш. Шен нана йийра цо. Наха лара а лоруш, "къонах" хилира цунах. Суна хетарехь, наной а, йижарий а байича, мидалш ухку божаршна.

"ХIуммаъ а атта ма дац шен йиша, я нана ен, гой хьуна, доьналла долуш хилла иза" олу", - дуьйцу церан гергарчу зудчо Лайлаа.

Шен неначух терра кхоллам нисбелира Аминин а. "Марехь яра иза, цIийнда чувоьллира цуьнан. Цхьа а тоьшалла а доцуш, цуьнан гергарчара иза нахаца лелаш ю аьлла, цIе кхоьллира. Цул тIаьхьа, дас а, девежарша а йийна, хьуьнхахь лаьттах йоьллира иза а. Тхан хьаннаш- зударийн кешнаш ду", - сингаттаме дуьйцу Лайлаа.

Мариам а, Амина йийча, цхьанна а кхел ца йира. "Бовш бу тхан зударий. "Хьенех яйна" олу". Массарна а хууш ма хуьлу, цунах билггал хилларг. Полицина а хаьа. "Сий лардеш" йийна олий, дIадерзадо-кх.

"Нанна хиина хиллера, шен йоI ен кечлуш буй"

Шен Iожаллех елча санна, дIадерзийра Фатима йер а. Ма-дарра дийцича, шен вашас йийра иза. Йийначун доттагIчо Аслана дуьйцу: "Ши бер дара церан ден а, ненан а: йоI а, кIант а. ЙоIах лаьцна эладиташ долийнера, цхьанца-м зIенехь ю иза бохуш. Кхин тешаш а бацара, цхьанна а гина хIума а дацара, шаьш хабарш хезор доцург. Эхь тIе деана, эхь дайа деза аьлла, сацамбинера церан дас. Шен кIантана тIедиллинера цо и гIуллакх, амма важа реза ца хиллера. Дас лаахь а, ца лаахь а, дан дезарг ду и, вай нахана хьалха юьхьIаьржа ду баьхна, вита а ца витина, йийра цо шен йиша."

Йиша йижина Iачу заманчохь, цунна урс тоьхнера вашас, боху Аслана. "Тапъяьлла дIайоьллира иза, йижинчохь дог сецна хиллера аьлла, даржийра нахалахь".

"Суна ца хаьа, цул тIаьхьа церан да муха веха, бакъду, сан доттагI хала хан йоккхуш ву. Психологашна тIе лийлира иза вехха. Ша шена тоьхна валлал холчахь вара иза, шен ненах къахетта сатуьйхира цо. Нанна хууш хиллера, шен йоI ен дагахь буй, амма цуьнан дан хIума ца хиллера", -дуьйцу Аслана.

Байинчу зударийн билггал йолу статистика хууш яц боху бакъонашларъярхоша, ткъа талламаш беш Iорадоху терахьаш, дуккха а лахара ду долчул а.

"Правовая инициатива" фондан говзанчийн зерашца, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц "сий лардеш" 33 зуда йийна Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а. Садукъийна, дагаршца, уьрсашца, герзашца, хIордачу кхийсина, дIавш делла байина и зударий.

"Правовая инициатива" фондан белхахочо Сиражудинова Саидас дийцарехь, дукха хьолахь марера цIабаьхкина зударий бу бойурш. "Марера цIаеанчу зудчунна тIехь хуьлу нехан бIаьрг. Цуьнгара хIуммаъ а ца даьллехь а, цунна гонах дуьйцуш хабарш хуьлу даим а. Сантехник вогIий - эдадиташ дуьйлало. Суна зударшкара дукха хезна, шайн цIентIехь гIуллакх дан белхало кхайкха а ийзало шаьш бохуш", - дуьйцу Саидас.

ШарIехь, я Iадаташкахь магийна ду "сий лардеш" стаг вен бохуш, зударий байар бакъдан гIерта кест-кеста. Ткъа талламчаша билгалдаккхарехь, Нохчийчоьнан исторехь цу тайпа Iадаташ хилла дац.
Къилбаседа Кавказехь тахана хуьлуш дерг шариIатца догIуш дац цхьана а агIор боху эксперташа. Исламехь шога таIзар дан магош ду, эвхьаза леллачунна, амма шарIо дихкина ду шеггара кхел яр.

"Бехк боцу нах байа магош дац бусулба дино. Ткъа "сий лардеш" бохуш, зударшна кхел ечу хенахь, бац беш талламаш, далош дац тоьшаллаш", - боху Кавказерчу проблемашна тIехь терго латточу эксперто Ярлыкапов Ахьмада.

Оцу стагера цхьа зулам даьлла меттиг хаалахь, тешаш карон беза: я ши стаг, я йиъ зуда. Цаьрга ладоьгIначул тIаьхьа шарIан кхело шен сацамбо.

"Настоящее Время" проектан редакцино кехат дахьийтинера Оьрсийчоьнан омбудсмене, хаьий царна регионашкахь "сий лардо" а бохуш, зударий бойуш хиларх. Къилбаседа Кавказехь зударшна тIехь къизаллаш ца лелаяйтархьама, хIун дуьхьало йо цара аьлла. Материал зорбане йоккхучу муьрехь жоп даланза дара омбудсмено.

Къамелехь дакъальцначу цхьаболчу терпалхойн цIераш, церан дехарца, хийцина ю

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG