Американ президента Трамп Доналда дIахьедина, коронавирусца къийсам дIабахьа махкахь кIоман тIегIанера къаьсттина чолхе хьал юкъадоккхуш хиларх лаьцна. Цо аьтто бийр бу Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан, бюрократин халонаш а йоцуш, федералан бюджетера COVID-19 вирусца къийсам латто 50 миллиард доллар хьажо.
Трампа хаам бина шена коронавирус хьакхаелла хиларан билгалонаш ца хиларх лаьцна. Цул сов, Американ лидеро дIахьедина, Цхьаьнатоьхна Шататаша шен стратегин тIаьхьалонна лаххара мехах дуккха а мехкадаьтта оьцур хиларх лаьцна. Ткъа цо, президентана хетарехь, аьтто бийр бу Американ бахархошна миллиардашкахь долларш кхоо а, индустрина гIортор ян а.
Хьалхо къаьсттина чолхечу хьолан раж юкъаяьккхира Американ 33 штатехь, ткъа Зазадоккху-беттан 12-хь президенто Трампа хаам бира Евробертан пачхьалкхашка кеманаш лелар юкъахдоккхуш хиларх лаьцна.
Американ вице-президенто Пенс Майка дийцарехь, карарчу хенахь вирус хьакхаелла нах бу 46 штатехь. Коронавирусан ун даьлла велла Цхьаьнатоьхначу Штатийн территорина тIехь 33 стаг, ткъа вирус хьакхаелла ву 1200 гергга вахархо.