ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин цхьа доьзал а цIабалийна Шемара


Гайтаман сурт

ТIом боьдучу Шемарчу кIоштара шен 4,6 шераш долчу шина бераца цхьана цIаялийнарг ю Дагестанан яхархо Кенжибулатова Эльмира. Тахана, Зазадоккху-беттан 14-хь Iуьйранна цIакхаьчна и доьзал Туркойчуьра Соьлж-ГIала деанчу кеманца, хаам бо "Грозный-информ" агенталло.

Бакъаонашларъярхочо Саратова Хедас бинчу хаамца, Кенжибулатовас дехар дина, ша Нохчийчохь йитахьара аьлла, "кхузахь Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дерриг а оьшу хьелаш кхоьллина" хиларна.

"Грозный-информ" агенталло, яздарехь, вуьшта Дагестане дIадаха дезаш дара шаьш, амма Нохчийчохь кхетарца хьоьжу шайн лазаме, аьлла оцу зудчо.

Саратовас бинчу хаамца, Кенжибулатова шен майрачун тIаьхьа яхана хилла Шема, бераш схьадало аьтто хир бацара-те аьлла. Амма эххаре а иза кхаьчна аль-Холь лагере. Цигара иза кIелхьаръяьккхина Кадыров Рамзана, аьлла Саратовас.

Кенжибулатован майрачух хIун хилла хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG