ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха яьржаш ю COVID-19? Къаьсттина хьанна кхерам бу цунах?


Муха дIасаяьржа коронавирус? Бакъдуй-те, кхечарначул а атта цунах ун доьзалхочух йолчу зудчунна долу бохург? Юучух даьржий-те цуьнан ун? Дуьненаюкъарчу могушаллаIалашъяран организацино (ВОЗ) жоьпаш делла лахахь оцу а, кхечу а хеттаршна.


МУХА ЯЬРЖАШ Ю COVID-19?

Цомгашчунна тIера могуш волчунна дехьаяла тарло коронавирус хьоршамаш, я йовхарш тоьхча, я къамелаш дечу хенахь эккхачу туйца а, тIуналлица а. Атта яьржаш ю и вирус.

НАГАХЬ САННА, COVID-19 КЪАСТОШ, ЕЛЛАЧУ АНАЛИЗАША ЦАМГАР ГОЙТУШ ЯЦАХЬ, ОЦУ СТАГАХ ЦА ХЬАКХАДЕЛЛА-КХ УН?

Юьхьанца вирус ца хааяла а тарло. Цундела лоьраша юх-юха тесташ йо. Нагахь санна, оцу стагца коронавирусан симптомаш ю, ткъа анализаша яц боху, тIаккха билггал ун хьакхаделла дац цунах.

КАРАНТИНЕХЬ ЛАТТОШ БОЛЧУ НАХА ЯРЖОШ ХИЛА ТАРЛОЙ COVID-19?

Инкубацион хан ю - карантинехь доккху 14 де. Оцу хеначохь гучуйолуш ю коронавирус. Шина кIиранчохь карантинехь а Iийнехь, йинчу тесташа а лазар гучу ца даьккхинехь, и стаг могуш ву, гонахарчу нахана цуьнгара кхерам а бац.

АРАХЬ ВОВШАШНА ЮКЪАХЬ МЕТТИГ А БУЬТУШ ЛЕЛА БЕЗИЙ НАХ?

Масех метар хьуна гена волчу цомгашчу стага йовхарш, я хьоршамаш тоьхна меттиг нислахь, тарло хьох ун кхета. Цундела, мел а генахь хила веза хьоршамаш а, йовхарш а еттачу нахана.

ПХОРА БОЛЧУ ЗУДАРШНА АТТОХ ЙОЛУ КОРОНАВИРУС, КХЕЧАРНАЧУЛ А?

Карарчу хенахь билггал хууш дац, берах болчу зударех ун атта хьакхало бохург. Бакъду, доьзалхочух йолчу зудчун организмехь хийцамаш хуьлу, уьш бахьана долуш инфекцийн лазарш хьакхадаларан кхерам лакхара бу. Хуьлийла и грипп, я ОРВИ, ишта COVID-19 тера вирусаш, цара а берахйолчу зудчун могушаллина эшам бо.

КОРОНАВИРУСАХ ВЕЛЛАЧУ СТЕГАН ТЕЗЕТА ВАХА МЕГАР ДУЙ?

Бетахь йоьллина туьтмIаьжиг яцахь, веллачун докъах куьг тоха мегар дац. Ткъа дакъа лийчийна, стаг дIаволла кечвинчу заманчохь цунах Iотталахь - ун даларан кхерам мел а кIезиг бу. Велларг лийчор, марчо цунах хьарчор -динехь коьрта Iадат делахь, веллачун гергарчарна гIоле ду динан дайшца дага а бевлла, инфекци ца яржийта бахьанаш лелийча.

ЮУЧУХ ДАЛА ТАРЛОЙ УН? ИШТА ГIОРИЙНАЧУ А, ЯСТАЕЛЛАЧУ А ХIУМАНЕХ А?

Билггал COVID-19 вирус кхачан сурсаташца дIасаяьржа ала, тоьшаллаш дац карарчу заманчохь. Коронавирусан тIехулахь йиса ницкъ ца тоарна, сурсаташкахула, я гIорийна, я ястаялийтина юург чохь йолчу гIутакхашхкахула инфекци яржаран кхерам лахара бу.

КХЕЧУ ПАЧХЬАЛКХЕРА ЧУБЕАНЧУ ТIОЬРМИГАХ, Я ЮУЧУХ УН ДАЛА КХЕРАМ БУЙ?

Кхечу пачхьалкхашкара чукхоьхьучу хIуманаша эпидеми яржон там бу бохург а, чIагIдойла яц.

БОВХАЧУ ХЕНАХIОТТАМО ВИРУС САЦОР ЮЙ-ТЕ?

Билггал къаьстина дац, хенан хIоттамо, я хIаваан температурано тIеIаткъамбо, я ца бо COVID-19 яржарна. Цхьайолу вирусаш, масала, шелвалар, грипп, и сиркхонаш мелхо а шийлачу хенахь яьржа. Делахь а, кхечу беттанашкахь инфекци яржийла дац бохург дац иза. Цундела, олийла дац, хIаваан температура лакхаяьлча, эпидеми лахлур ю. Керлачу вирусах талламаш дIахьош бу тахана а.

МОБИЛАН ТЕЛЕФОНШ А, ГАДЖЕТАШ А ЦIАНЪЕШ ЛЕЛОН ЕЗИЙ?

Лоьраша хьоьху, арара чувеанчул тIаьхьа мобилан телефонаш цIанъян еза спирт шеца долчу кехатан салфеткашца бохуш. Ткъа телефонна тIеюьллу ботт саба а хьокхуш, йилина, якъон езаш ю. Уггар а коьрта рекомендацеш ю - кест-кеста куьйгаш дийлар а, нах гуллучу меттигехь ца сецар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG