ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан Iедало ца магийна нохчашна Аухан кIошт меттахIотторах болу гулам дIабахьа


Кху беттан 22-чу денна Аухан кIошт меттахIотторах лаьцна дIабахьа кхайкхийна протестан гулам аьккхашка байта реза ца хилла Дагестанан Iедал, яздо Obzor.io портало.

И де тIебогIучу беттан 10-чуьра 25-чунна тIекхаччалц йолчу юкъанна кхайкхор хьехна мехкан юстицин министралло.

Кхин цхьа протестан гулам а бара нохчаша Iалашоне биллина – «Хасу-Юрт – Наволакск» некъаца. Иза Новолакскерчу "Газимагомед" цIе йолчу ялтан компанин кертахь дIабахьа бен ца магадо Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG