ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоьнан могашаллин министр: «Коронавирусна дуьхьал тоъал молханаш ду тхоьгахь»


Сенсаци хазийна хIирийн могашаллин министра Гогичаев Тамерлана меттгеречу «Осетия-Ирыстон» телеканалехула: иза тешна ву, ун шайн махка кхачахь, шен куьйга кIел тоъал COVID-19 эшош долу молха хиларх.

Шега журналиста, мохк мел кийча бу бахархой коронавирусах Iалашбан, хаьттича, цо аьлла: «Коронавирусна дуьхьал тоъал молханаш ду тхоьгахь. Къилбаседа ХIирийчоьнан могашаллин министраллин массо а дакъошкахь ду пехийн вирусна дуьхьало ен молханаш, хуьлда иза грипп я коронавирус, оцу молханийн барам бац цкъа а лахболуьйтуш».

Хаийта деза, Къилбаседа ХIирийчохь цхьа а стаг вац даьржаш лаьтта ун кхетта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG