Юкъараллин лидерна бехкедо хьарамло ян гIортар
Москварчу Басманный кхело Стигалкъекъа-беттан 18-гIа дийне кхаччалц цIахь латточу кепехь лаьцна кхаба сацам бина «Кавказан къаьмнийн Оьрсийчоьнан конгресс» юкъараллин куьйгалхо Паскачев Асламбек. Иза бехкево хьарамло ян гIортарна, аьлла кхелан пресс-векало Морозова Иринас, хаамбо ТАСС агенталло.
Цуьнца декъахь хиларх шеко йолуш лаьцна, изоляторе хьажийна Оьрсийчоьнан ял гулъяран министраллин белхахо лаьттина Шайдаев Рахьман а, билгалдоккху «Коммерсант» газето.
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан векалша а, лецначийн адвокаташа а цкъачунна билггалдаккхаза дуьту прессина хьалха цаьргара зулам.
"Кхело Зазадоккху-беттан 18-гIа дийне кхаччалц цIахь латточу кепехь лаьцна кхаба сацам бина Бекхтакхаман кодексан 159-чу артиклан 3-чу декъехь зуламдарх шеко йолуш («Бозбуанчалла дан гIортар») Паскачев Асламбек Боклуевич», - аьлла Морозовас.
«Кавказан къаьмнийн Оьрсийчоьнан конгресс» юкъаралла кхоьллина 2007-чу шарахь, къаьмнийн юкъаметтигаш денъян а, шоръян а, кавказхой Оьрсийчоьнан хьашташна пайде хилийта а йолчу Iалашонца. Цуьнан лидерех ву Оьрсийчоьнан Юкъараллин Палатин декъашхо лаьттина волу Паскачев.
Путин Владимир президент хоржуш, цуьнан теш а лаьттира Оьрсийчоьнан Халкъан бахаман академин профессор волу Паскачев Асламбек.
Биъ бутт гергга хьалха Оьрсийчоьнан президентан омрица, «къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъярна» ДоттагIаллин орден елира цунна. «Коммерсанто» бахарехь, Русбизнесбанкан акционер ву Паскачев, амма оцу хьолаца доьзна дац иза лацар, билгалдоккху газето.
72 шо долчу цунна, таллам дIахьочу юкъанна, цIахь лаьцна кхобу кеп къастош кхело юьхьаръэцна цуьнгара пачхьалкханна бийлина пайданаш а, иза цомгуш хилар а.