ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь бистина кхачан мехаш, оцу хьоланна дуьхьалдуьйлу Iедал


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь кхачан а, молханийн а мехаш коронавирус яржале хиллачу тIегIантIехь латто гIерта урхаллаш. Цунна лерина полицин рейдаш ю дIайоьлхуш Соьлжа-ГIаларчу а, Гуьмсерчу а, Шеларчу а, кхечу гIаланийн а, яртийн а кхача бухкучу меттигашкахь, аптекашкахь.

И тайпа барамаш а латтош, дехка деза йохкархоша шайггара мехаш хьалабахар, хьийхира пIераскандийнахь коронавирусца къийсам латто кхоьллинчу штабан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Ун ца даржийта кхоьллинчу штабан кхоьрте хIоттийначу Ахмадов ШахIида бинчу хаамца, дознал арахь а хилла, махка юхабаьхкинчу нахах 193 стаг ву карантинехь. Цо бахарехь, коронавирус Нохчийчу цакхачийта къахьоьгуш ю эпидемстанцеш а, лоьраш а, Iедалан кхийолу структураш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG