Нохчийчуьрчу муфтиятехь цIеххьана вовшахтоьхначу кхеташоне гулбеллера муниципалан кIошташкара къеданаш. Коронавирусна профилактика ярехь регионехь цхьа некъаш лело дезаш хилар билгалдаьккхина республикан муфтийс Межиев Салахьа, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.
"ХIора кIоштахь дIахаийта, пIераскандийнахь маьждигашкахь Рузбана ма гулло алий. Дийцарехь, гIеметтара болчу нахана а, шайн дегIаца цхьацца сиркхонаш йолчарна а атта долу и ун. Цундела царна пайден хир ду чохь сацар. Тезетах а, зуда ялорах а дерг аьлча, нах а ца гулбеш, шайн доьзалехь дерзон деза дика а, вон а, хIара эпидеми лахъяллалц", - аьлла Межиевс.
Маршо Радионо ма-яздарра, Туркойчуьра цIавеанчу Нохчийчоьнан кхаа вахархочуьнца коронавирус гучуяьлла.