ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Польшехь нохчийн мухIажирша масканаш тоьгуш ю бахархошна


Гданьск гIалара нохчийн зудабераша масканаш тоьгу чоь
Гданьск гIалара нохчийн зудабераша масканаш тоьгу чоь

Польшерчу Гданьск гIалара нохчийн мухIажирш волонтераш а хIуьттуш, вирусах ларлучу нахана масканаш тоьгуш бу. Fundacja Kobiety Wedrowne / Women on the Road Foundation организацин куьйгалхочо Алиева Хедас дийцина цунах лаьцна "Кавказ.Реалии" портале.

"Со а, сан йиша а кхуза схьаеанчу хенахь, катоьхна дарба оьшуш яра сан йиша. Меттигерчу бахархоша чIогIа гIо дира тхуна, йиша а когаш тIе хIоттийра. Ткъа тахана Польше эпидемин сингаттам беача, ойла йира ас: нахана тоьаш йоцу масканаш тега езара аьлла", - дуьйцу Алиевас.

Организацерчу белхан накъосташца цхьана бустам кечбина ша, меттигерчу дарбан цIийно къобалбина аьлла, тIетоьхна йоIа.

Польшехь масканаш тоьаш йоций хиъначул тIаьхьа, духалург туьканараг кIади а деана, тега йолаеллера Алиева. ТIаьхьо цунах дIакхетта хиллера мухIажирш-волонтераш. "Масканаш ян ахча доьхуш, кхайкхамбина оха. Цкъачунна сайн ницкъашца йоллуш ю со, дохко а ца яьлла. Сихо ян езаш дара гIуллакх. Дийнахь масийтта бIе маска тоьгу оха", - аьлла, дийцина Алиева Хедас.

ТIаьххьарчу хаамашца, Польшехь ун кхетта ву 684 стаг. Велла 8 вахархо.

XS
SM
MD
LG