ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн доьзална €145 эзар охьадилла декхарейина Оьрсийчоь


2004-чу шарахь тIеман беракемаца тохарш дина, хIусам йохийначу Нохчийчуьрчу Веданан кIоштара Теза-Кхаьлларчу СулеймановгIеран доьзална 145 эзар евро ахча дала декхаре йина Оьрсийчоь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ). Страсбургерчу кхелан сайтехь бина цунах лаьцна хааам.

Адамийн бакъонаш а, маршо а Iалашъяран Европан конвенцин артикл йохийна Оьрсийчуьрчу Iедалхоша аьлла, сацамбина Европан кхело.

2004-чу шарахь Теза-Кхаьлларчу СулеймановгIеран цIенна ракета тоьхнера. Оцу заманчохь хIусамчохь хиллера СулеймановгIеран кхо доьзалхо: 22 шо долу СаьIид а, 18 шо долу Зарета а, 14 шо долу Сайдан а. Жимахволу кIант вийра, вукху шинна чевнаш йинера. ХIусам ерриг а яьгнера.

ТIеман буьйранчаша а, ФСБ-но дIахьедира, цу дийнахь антитерроран операцеш дIахьош яцара аьлла. Бехкзуламан гIуллакх айдира, хIетте а талламчашна ца карийра, СулеймановгIеран цIенна ракеташ тоьхначу вертолет чохь хилла пилоташ. Беракемех информаци а ца елира, пачхьалкхан къайле ю иза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG