Алтаев Ренат
Дагестанерчу Новолакскан кIоштарчу нохчаша Аухан кIошт меттахIотторца йолу проблемаш йийцарейина Къилбаседа Кавказан Iеламчийн кхеташонан хьалханчица Кадыров Хожа-Ахьмадца (Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дешича ву иза). Къамел доьрзуш сацамбина гулбеллачара гIуллакх Iеламнехан кхеташоне даккха – Къилбаседа Кавказан республикашкара динан дай бу цунна юкъахь.
Цхьанакхеттачара латкъам бира Дагеснерчу Iедална – 1944-чу шарахь нах махках а бохуш, йохийна кIошт меттахIоттор низамо 30 шо хьалха къастийна делахь а, шен декхар кхочушдан сиха бац мехкан куьйгалхой, бохура цара. (Аухерчу ярташна кхин цIерш а тохкуш, уьш Новолакскан а, Казбекан а кIошташка дIасайийкъира Сталинан Iедало берриг а нохчий ша махкахбаьхча).
Кадыров Хожа-Ахьмад шаьш долчу кхайкхар Дагестанерчу нохчаша дуьйзира я меттигерчу хьаькамаша а, я Iеламнаха а шайна кIошт меттахIотто гIодеш дацарца. Цара шайн республикерчу Iеламнахаца а дийцина и гIуллакх, амма «конфликт лаьтташ ю цIаре ерза кийчча». «Низам кхочушдайта» гIодахьара шайна, бохура Кадыровга гулбеллачара.
Къамел доьрзуш Къилбаседа Кавказерчу Iеламчийн хьалханчас дош делира Дагестанерчу нохчийн хьал тергонехь латто а, церан проблема Iеламчийн рогIерчу кхеташонехь йийцареян а.
"Кавказ.Реалиин" корреспондентан къамел хилира юкъараллин «Аух» кхеташонан лидерех волчу Мачаев Адамца.
– Къилбаседа Кавказерчу Iеламчийн кхеташоне хIун гIо далур ду, Аухан кIошт меттахIотторца хьем бийриг а, новкъарло йийриг а Iедал хилча?
– ТIаккха дагадаийта дезар ду хьалхо лелларг. Нохчий депортацера цIабаьхкича, Новолакскан кIошта ховшийна хиллачу адамех цхьа дакъа шайн ярташка юхадахара, нехан хIусамаш дIалецна Iар къехьа дуйла а хууш. Амма бу нохчийн цIенош шаьш-шайгара, шайн лаамца дIалецнарш а. Масала иштта дIалецна нохчийн бахамаш Казбекан кIоштарчу Калининаулехь а, Ленинаулехь а (1944-чу шеран хьелашца Аухан кIоштан Юрт-Аух а, Акхташ-Аух а – ред.).
И нах бац Iедало ницкъаша тхан керташка хийшийна. Ницкъаша нохчийн хIусамаш дIалецийтина хилла Казбекан кIоштарчу 8-9 юьртан бахархошка. Ткъа уьш шайн ярташка юхабахана, нохчий цIа ма кхеччи. Важа дакъа дуьхьал а даьлла, дисина нохчийн хIусамашкахь. Оцу ярташкахь нохчий а, суьйлийн а бехар бу, цхьа а цхьаьнхьа а ца воьду, вайна барт беза, амма меттахIоттош йолчу Аухна юкъагIур ю и ши юрт, аьлла бара 90-чу шерашкахь хилла барт. Бакъду, Калининаулера а, Ленинаулера а цхьаболу бахархой хьийза, ца хиллера и барт, бохуш. Цундела хьал гIоьртина лаьтта оцу ярташкахь.
Нохчий дуккха гIиртина цаьрца барт каро, Iеламнах юкъабаьхна а хьийзина. Дерриг а эрна ду. Дагестанан ларамечу муфтица Абдулаев Ахьмад-Хьажица а хилла тхан къамел. Цунна дика девза хьал. Амма цкъа а, цхьа а ца гIоьртина гIуллакх бусалба динехь листа. Мелхо а, шайна хьалал (исламехь магийна – ред.) ду и латта бохуш, къар ца ло нехан дакъош тIехь бехарш. Цундела бахара тхан Iеламнах массара а, бусалба дин Iамийначара а тIехь, лоруш волчу Кадыров Хожа-Ахьмадна тIе. Проблема дIасаяккха лууш боцчу нехан дегнашна тIекхачархьама ду оха лелориг. Вай массара а ма бохий ваьш бусалба ду, Далла Iамалъеш ду. Iедало проблема, кханене а тоьттуш, яхйина хилча, дика хир дара иза Iеламнахе яьккхича, цара листича. Далур дуй иза таханлерачу хьелашкахь? Хаац, ала хала ду.
– Оцу хьокъехь Кадыров Хожа-Ахьмада хIун хьоьху, хIун аьлла цо делегацига?
– Наха чIоггIа лоруш стаг ву иза. КадыровгIеран хьалханча а ву, дешна стаг а ву. Масала, дукха хан йоццуш аьккхийн цхьана юьртахь стаг вийна пхьа буьтуьйтуш бара. Цига а веара иза. Тхан нах, хьехам эшча, боьлху иза волчу. Амма Аух меттахIотторах долчу гIуллакхна юкъа оха иза дуьххьара вехна, лаьа цо Дагестанан муфтига доккхийла тхан гIуллакх. Иза гергарлонаш лелош ву кхузарчу Iеламчашца. Хожа-Ахьмад декъахь волчу Кишин Кунта-Хьаьжин вирд лелош дуккха а бу дагестанхой. Уьш вовшашна бевзаш а, тIеттIалелаш а бу. Дагестанан динан урхаллица а ду цуьнан гергарлонаш. Цо тхуна хьоьху даима а санна, собаре хилар, сатохар. Вай массо а вовшашна герга ду, цхьа бусалбанаш ду, цхьа бух-орам, цхьа оьмар ю, дац, боху цо, вайн вовшашлахь къийса хIума.
– Байначу баттахь хиллачу гуламехь Дагестанерчу нохчаша сацамбира протест дIаяхъян. ХIун хуьлуш ду рогIерчу гуламах?
– Кху беттан 22-чохь бан дохкура тхо гулам. Чуделлачу кехатна жоп делла – гулам бан ца мега, аьлла. Оха оцу дехарехь яздинера гуллушверг 20 эзар стаг ву аьлла. Iедало тхуна, оха гулдала ехна меттиг ца луш, кхин меттиг ло ша бохура – Новолакскехь, центрехь, амма цига 2 эзар стаг бен ца тарло. Ван мел лууш волчунна жима ю и меттиг. ХIинца коронавирусо а йо дуьхьало, Дагестанан Iедало дехкарш арахецна.
Юристаш шайн болх беш бу, оха кхидIа а доьхур ду тхаьшка митинг яйтар, оха ца доьху низамехь доцург, далуш доцург. Нийсо ю оха йоьхург.
Сан цхьа уллера доттагI ву Казбекан кIоштара, Алмак. Цуьнан дас, беркат хир дац нехан чохь Iарх, олура. Цул тIаьхьа шен доьзал а эцна, Хасу-Юьрта дIавахана иза.
Со ала гIертарг хIун ду? Бекъа цхьа нах схьаэцча, яц царна юкъахь гамо. Хуьлийла а дац. Чуьчча гергарлонаш ду, маренаш дина, зударий балийна, я, сан санна, доттагIий бу вовшашлахь. Тхо кхета, могIара нах ма буй тхан дакъош тIехь бехарш. Цхьана харц ницкъаша латтош ю хьарамло – политика, карьера шайн хьашташка ерзийначу наха. Цара ир-кара хIиттабо бахархой, Аух меттахIоттийча, тхо Нохчийчоьнах тхешан кIошт дIатоха гIертар ду, бохуш. Иза дан тхо гIортахь, хуьлу-кх тхо харц, низамах духуш. Дан а ма дац иштаниг Оьрсийчохь далуш. Оха цкъа а ца аьлла тхаьш Нохчийчоьнах дIакхета дохку, и ойла янне а яц тхоьца. Хила тарло цхьа массех провокатор, амма яц тхоьца и ойла. Со реза ву Дагестанерчу дахарна, суна кхузахь дика ду.
Довзийтар:
Аухан проблема гIаьттина 1944-чу шарахь нохчашна депортаци ярца. 1957-чу шарахь дуьйна доьху Дагестанерчу нохчаша шайн кIошт меттахIоттор. Аух Терскан областан Нагорни округехь лаьттина Оьрсийчохь паччахаь воххолц, цул тIаьхьа – Хасу-Юьртан округехь. 1921-чу шарахь яхийтина Аух Дагестанна юкъа. Уггаре боккха къовсам лаьтта Казбекан кIоштахь: Калининаул (Юрт-Аух) а, Ленинаул (Акташ-Аух) а хуьлийла лаьа аьккхашна низкамца а догIуш меттахIоттош йолчу Аухан кIоштахь. Нохчийн шина тайпано – Аьккхаша а, Пхьарчхоша а - ехкина ю и ярташ.