Жигалкин Юрий
Кхаара. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо а, президентан администрацино а бартбина пачхьалкхан «кисанара» Iаламат дукха ахча дIасадекъа коронавирус ловш долчу халкъанна – 2 триллион доллар. Доккхахдолу дакъа кхачор ду пандеми бахьанехь нах цIахь севцича, эшам хинболчу совдегарийн бизнесна.
- Ши кIира хьалха белхаш боцу бахархой цкъа а ца хиллачу кепара кIезиг хиллехь (211 эзар), хIинца уьш бу Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь вуно дукха – белхазалла бахьанехь Iедале ахча доьхуш кху еарийдийнахь чуделла 3 миллион 280 эзар дехар.
Дукхаболчу америкахойн кара 1200 доллар а, балхахь боцучарна цул сов 600 доллар а дала дагахь ду Iедал. БIеннаш миллиардашкахь лур ду кредиташ а, гранташ а компанешна. Иштта ю Конгрессо а, Трамп Доналдан гоно а пачхьалкхехь экономика ца йожийта яккха кечйина гIулч.
Круизехь долу хIордакема, чу чуьра коронавирус кхетта нах Калифорнерчу Окленде биссирна кхоьруш, уьш ларбеш нах Iачу юкъанна, санитаран урхаллашна а ца хууш, «къайллах» яьржина коронавирус ерриг а санна пачхьалкхехула. Нью-Йорк а, Калифорни а штаташкахь бахархой карантине ховшийна, кхин массех штаташкахь а кхайкхийна и хьал. Кхача бухку туьканаш йоцуш, къевлина ю дукхахйолчу фирманийн офисаш, ресторанаш.
Уггаре а жигара хуьлучу финансийн базаршкахь цкъа а ца хиллачу кепара лахделла йохк-эцар. 30% сов мах охьабаьлла коьртачу индексийн. Тоьлла ларалучу корпорацийн облигацеш а лахъелла вуно дукха. Экономисташа ен прогнозаш ю шийла: ехха рецесси латта мега, белхазалла 20%-те кхочур ю.
Ткъа уггар эшнарг ду коронавирусо кхидIа лелондерг хууш дацар – тахана ун марсадаьллачу дуьнентIехь COVID-19 яржарца хьалхарчу метте яьлла Цхьаьнатоьхна Штаташ.
Медицинан урхаллаша бахарехь, 85 эзарнал сов ву пачхьалкхехь вирус кхетта. Оцу хьелашкахь тIех меллаша лелла санитарин ницкъаш, карарчу муьрехь жигара хьийза – эцна нахера ах миллион гергга тесташ.
Штатийн губернаторш массо тайпа дуьхьалонаш айина хьийзачу юкъанна Трамп Доналда элира, коронавирусал а кхераме лазар ду наханна цIахь-чохь Iар, вара америкахой шайн-шайн белхашка арабовлийта. Бакъду, вирус сов чехка яржа йоьлча, адам къовладаларе а кхайкхира цо.
Цкъачунна Конгрессан а, президентан администрацин а хилла барт иштта бу: шарахь 75 эзар доллар ахча кхочуш воцчу хIора вахархочунна 1200 доллар совгIат дар, доьзалерчу хIора беранна 500 далар. 350 миллиардна кредиташ лур ду жима бизнес долахь йолучу совдегарийн декъанна, 500 миллиард – яккхийчу корпорацешна, 25 миллиард доллар – пассажираш боцуш йисиснчу авиацина.
Пациенташ цIеххьана деба а дебна, халачу хьолехь хьийзачу медицинина а лур ду алссам ахча.
Экономиста, Беркли университетан профессора Городниченко Юрийс бахарехь, луш долу ахча – иза экономикан жигаралла йоьжча латош йолу йома ю.
– Легарш дер вай кIеззиг. Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь шарахь тIекхуьу рицкъ 20 триллион долларе кхочу. Аьлча а, 2 триллион баттахь. Баттанна нагахь санна экономика соцуш елахь, хуьлу зен ду 2 триллион. Совдегаршка боху: тхо кхета, шун таро яц хIинца 2 триллион дайа, и ахча оха дойур ду шуна хьалхара, шуна зен хир дац. Экономика къевлина мел лаьтта, карантин мел яхло хьаьжжина хир ю оцу ахчанах кхачо. Дахар сацийна латтар 3-4 батте далахь, и 2 триллион а тоьар дац, - аьлла хета Городниченкона.
Хейвефорд-колледжерчу (Пенсильвани) профессорна Конторович Владимирна ца хаьа оцу экспериментан тIаьхьало муха хир ю.
– Доьзалшна кхайкхийна гIо, ма-дарра аьлча, кIезиг хIума ю. Цо беха кхобур бац нах. Кхеташ дац, мел хир ду болх боцучарна дала догIу ахча – хууш дац вайна белхазалла муьлхачу дозане хьалагIур ю. Экономика еххачу ханна дIалакъахь, и ахча тоьар дац. Цкъачунна дерриг а «ханна» деш ду: кIиранна, шина кIиранна, баттанна. Дерриг а генна дIадахлур ду аьлла хета суна. Дахлахь, юха а кхайкхор ду ахчанаш далар. Оцу некъо хIун дохьур ду? Нахана цхьацца хIуманнна охьадилла хир ду и ахча, фирманашка белхалошна алапаш дIадалалур ду, амма латталур дац оцу ахчанашка экономиканна чохь са. Аьр вай, шо оьшур ду карантинехь Iан, ткъа муха денйийр ю экономика, деньялур а юй иза – ца хаьа, цхьанненна а ца хаьа, - боху Конторовича.